Хаджимурадов Вахит - Болатан Зараъ. Повесть стр 3.

Шрифт
Фон

Иштта чекхъелира лаьмнашкахь ялсамане санна йолу йовха аьхке. Дитташна т1ера, маждеш, г1аш а эгийна, гуьйре а хьаьдда т1ехйолуш яра. Шелонан дуьххьара денош а дара малхаца къийсалуш чуьрадевлла. Жимчу Зараъин Сирдинан-м цхьанна самукъадолура г1аш эгна чекх са гуш елахь а, хьуьна юккъехула лам буьххье хьодуш, детин з1аьнарша туьйсуш долчу седарчашца а, боккха корта болу можачу баттаца а къуьйсуш. Тешамен а, самукъане а доттаг1-дин карийнера жимачу Зараъина, амма къоначу йоь1ан б1аьргашна чохь даима а хаъалора сингаттам. Накъостий мехкарий шайн безамаш карош а, маре оьхуш, шайн дахаран некъ билгала боккхуш бара. Зараъина кхочушдерг мехкарийн шабар-шибарш бен дацара. Висита кхин Теркана дехьа ца вахара, шен даьхни а, ирзо а лелош тийначу дахаре ваьллера и. Зараъ йолчу х1ора дийнахь бохург санна вог1ура жима стаг, амма шен йишица санна вара и даима а х1окхуьнца. Делахь а кхин цхьанна а йо1ана т1ехьаьвзина, захалу дийцина хаъавелла а вацара и. Зараъина-м и х1аваъ санна вара, схьахетарехь! Х1аваъ долуш, вай цуьнан тидам а ца бо, амма и доцуш цхьа минот а ца дахало дуьненчохь. Зараъас кест-кестта олура Виситига:

 Ванах, Виса, хьо цхьана а йо1ана т1ехьаьвзаш а ма вац! Хьо зуда ялон дагахь а вац?

 Амма Виситас бегаш бора дуьхьала:

 Сайн йише кхочуш ериг ца карийна суна х1инца а!  олий.

«Ткъа, нагахь Висас боккъал а зуда ялаяхь, аса х1ун дийр ду техьа?»  ойлано хьовзайора Зараъ наггахь.

Дуьххьара шийла денош а кхечира эххар а нохчийн лаьмнашка, дуьххьара ло а кхоьссира. Шелоно делахь а, т1емашкахь дукха хиллачу чевнаша делахь а воккха стаг Болат ц1аьххьана цамогуш хилла вуьйжира метта. Меттахь к1ира даьккхича цкха цхьана суьйрана Зараъица шаьш цхьана дисинчу хенахь, цо йо1е элира:

 Зараъ, сан йо1, хьо ч1аг1лолахь, хала денош т1екхочуш ду хьуна. Со меттара кхин г1атталура воцуш цамогуш хилла, хьо х1окху нана дуьненчохь цхьаъ йитина д1авахан дезаш ву со кестта. Хьо хьуо юьсура юйла хууш санна, аса цхьацца хьуьнарш-м 1амийнера хьуна, делахь а со ч1ог1а г1алата ваьлла. Х1инца, со к1елависича бен ца кхийти со. И сан бехк бу, суна къинт1ера ялахьа.

 Ахьа х1ун дуьйцу, дада? Ма кхераехьа со!  б1аьрхи хьаьдира йоь1ан сирачу б1аьргех.

Йо1 ден куьйг буйна а лаьцна 1аш яра, гонаха хуьлуш дерг г1енаха долуш санна хеташ.

Уьйт1ахь Сирдин терсаш хийтира воккхачу стагана. Йоь1ан коьртах куьйг а хьокхуш, сихавелира и шен къамел чекхдаккхан:

 Зараъ, сан йо1, со могуш волуш хьан дахаран ойла ян езаш хиллера ас! Со д1аваьлча, хьан бийр бу хьан амал. Ц1аьххьана, хабар дуьйцуш волуш, цамгаро хьовзийра воккха стаг. Дикка 1ийра и дош ца алалуш, жимма чу садеъча сихвелира и къамел чекхдаккхан.  Виситица цхьана х1усама кхолла еза ахьа. Цуьнга кхочуш суна вевзаш к1ант вац Маржа я1 ма г1алат дели сох! Зараъ, хезаш юй хьо? Хьо хьадий г1о, аса кхойкху ала Виситига!

 Дада, Дада!  йо1 лаьттара, ша х1ун дийр ду ца хууш.

 Сан йо1! Ладог1а соьга! Ма яйъа эрна хан сихха кхайкха Виситига!  т1аьххьарачу ницкъаца мохь элира Болатас.

 Со х1инцца со сихха..,  арахьаьдира йо1, ша х1ун леладо ца кхеташ юха чухьаьдира.

Мохь ца алалуш, воккхачу стага куьйг ластийра, йо1 сихъеш. Зараъ къевла елира 1аьржачу буьйсанан кийрахь.

Дикка хан елира оцу меттехь, Зараъ юха гучуйолуш, Висита йо1ал хьалха чуиккхира воккха стаг волучу чу.

 Ваша! Ваша!  озах ца вохан г1ертара жима стаг

 Дада..!  багаг1аттийначохь лаьттара маьнгийна йистехь йо1.

Куьйг нисдина, ког нийсбина х1инцца набъозийча санна 1уьллура воккха стаг Болат. Дикка хьаьжичий бен кхеташ дацара и садоь1уш ца хилар.

Байлахь дисина жима ши бер санна юх-юххехь лаьттара воккха стаг т1ехь 1уьллучу маьнгина хьалха Виситий, Зараъий. Уьйт1ана юккъехь, стиглара эгачу даккхийрачу лайн чимашна бухахь, хиллачух кхеташ санна, тийна лаьттара Сирдин а.

Воккхачу стеган Болатан кошна т1ехь а лаьттара уьш кхоъ иштта вовшен уллохь: йо1, к1анттий жимма т1ехьа, корта олла а бина, Сирдинний.

Иштта д1адахара шийла 1а а, шийла б1аьсте а, кхин хийцамаш боцуш. Зараъ шен ц1ен чохь ша 1аш яра. Лула-кулара, генара гергара наха доладаран кеп х1оттош, бер-кер доийтура, йо1аца буьйсанаш яхан. Дийнахь-м даима а Висита хуьлура уллохь, Сирдин а.

Кхин цхьа 1а а дара юккъах т1ехтилла доьдуш. Воккха стаг кхелхина шо сов хан яьллера, эххар а Виситас хаьттира Зараъига:

 Зараъ, суна схьахетарехь, ваша, ша кхелхачу суьйрана соьга цхьаъ ала воллура. Со ч1ог1а бехке ву цунна уллора д1аваьлла хилла, и могуш воцуш 1уьллуш волуш. Хьуна а хаьий техьа цунах х1ума? Х1ун ала г1ерташ кхайкхинера техьа цо соьга?

Зараъин б1аьргах жима седа санна хин т1адам хьаьдира. Ткъа муха алан дезара оьздачу йо1а, х1инца шен силла дукхавезаш волчу к1анте, дас ша д1акхалхале хьалха шена т1ехь йитина еза къайле! «Ша йигар хьуна т1едожийна дадас»  алан дезара цо? Иштта дешнаш к1анте ца олуш-м х1ара яла а кийча ма хир яра.

Х1умма а ца элира йо1а шега динчу хаттарна дуьхьала. К1ант кхийтира, йо1ана ала бег1ийла ца хетийла, дас шега аьлларг. Кхин иштта хаттар ца дира Виситас Зараъига.

Уггаре а б1аьстенан денош хазделлачу хенахь кхечира лаьмнашка ирча къаъ! Паччахаьн эскарш г1оьртинера нохчийн аренца йолчу ярташна чу. Яккхий тоьпашца сийна ц1е тосуш йохаеш яра б1еннаш цхьанна а новкъа боцуш эзарнаш шарашкахь х1окху аренашца бехаш болчу нохчийн ярташ. «Аккхарой бу уьш!»  ц1е кхоьллина х1аллакдеш дара машарен Делан адамаш, аганахь 1оьхку бераш а цхьаьна. Лаьмнашкара яхь йолу к1ентий, шайн тобанаш гулъеш, буьйлира аренгара вежаршна г1о-накъостала дан лаха бийса. Тамаш бойла дара оцу майрачу к1ентийн тобана юккъехь Висита а ца хилчи. Ша новкъа валале Зараъ йолчу кхечира и, алан дешнаш-м ца карадора:

 Вашас санна аса а хьо цхьаъ юьту-кх хьо, сан хьоме йиша!  бохура цо.

Амма йоь1ан б1аьргах хин т1адам а ца буьйжира х1инца, к1ант цец а воккхуш.

 Хьан некъ оцу везчу Делан карахь бу-кх! Т1емана юккъехь ког ницкъала, куьйг маса хуьлийтийла хьан оцу Везчу Дала!  олуш новкъаваьккхира йо1а жима стаг.


Виситин б1аьхойн, дошлойн тоба 1уьйрана новкъа йоккхуш нахаца а хилла, чуеъна йо1 сарралца яьллира кертахь даьхни д1а1алашдеш, кертахь ирзон т1ехь болх беш а. Суьйрана юххерачу лулахойх чекхъелира и, шен ц1енон а, даьхнин а 1уьналла дар царнна т1едуьллуш. Ша х1ун дагахь ю, мелла ханна хьовса деза шен бахаме, цунах дерг-м ца дийцира йо1а шен лулахошка. Лулахой дика хиларе терра, цара и санна долу хаттар дана а ца дира.

Буьйсана, лула-кулара нах набарна д1абийшинчу хенахь, Зараъас, нускал санна хаза кечбира шен маса Сирдин. Тоьллачех шена т1е озийра божарийн берзакъ. Герз а кечдира йо1а жима йолуш дуьйна шена дадас ма-1аммора. Т1уьналла т1екхочура йоцуш топ-молха, ирдина кечдина терс-маймал тур, дарг1ойн шаьлта, ц1елатон мокхаз а, Болатас мехкадаьттанах даьккхина сихадогу молха чу доьттина масех кхаба а. Кхинболу т1емалоша ца лоруш дицдина 1ад, деха-доца пхерчий чохь долу ботт а д1анисйира йо1а Сирдинан букъна т1ехь, нуьйрана уллохь. Дин кечбина, ша кечъелла, оьзда дина а яьлла, халлий бен бергийн тата ца лацалуш, юьртаха елира жима Зараъ.

Ма-торру хьуьннаха доьттинчу лаьмнашца, арцашна т1ехула, лахъелла, кадечу мохо ядийна хьош йолчу сирачу мархех тера, дукъделла техкаш лаьттачу диттийн баххьашна бухахула маса лахенгахьа охьашершаш яра Зараъин Сирдин. Керла сийна г1а даьллачу диттийн баххьаш дуьззина даьллачу зазийн яйн хазчу хьожаца ийна даьржинера, лаьмнашкахь бен кхин цхьана а меттехь ца хуьлуш долу, ц1ена х1аваъ!

Рог1енчу лекхачу арце Сирдин хьалаяьлча, диттийн жимма нилхалла йолучохь геннара гора аре. Хьаннаша техкош долу аьрцийн даккъаш сийна аренга охьахьаьддера. Арцашна юккъехула, 1инна чухула инзаре боккха лаьхьа санна хьийзаш, йоккхачу г1овг1анца лахенга хаьддера сирла тулг1е йолу доккха хи. Лайх, шанех дуьззина мархашна юккъехула ирх дахана, стиглах а г1оьртина лаьттачу лаьмнашкара охьахьаьдда дог1ура и хи. Моьттура и маса, сиха, девнен тулг1еш а ю, аренгахь дукха герзах доьттина чудеъначу паччахьан эскарна т1екхача сихделла. Оцу хин йисттехула ширчу некъаца охьайоьдура жима Зараъ шен Сирдинна т1ехь. Х1окхулла хьалха 1уьйрана охьабаханчу Виситин дошлойн говрийн ларанаш а яра хаъалуш, дас 1амийначу йо1ана. Гарехь, Сирдин аьрха хилар бахьана а, говр ша цхьаъ хиларна а мелла а, хьалха д1абаханчарна герга г1оьртинера йо1.

Ваша оценка очень важна

0
Шрифт
Фон

Помогите Вашим друзьям узнать о библиотеке

Скачать книгу

Если нет возможности читать онлайн, скачайте книгу файлом для электронной книжки и читайте офлайн.

fb2.zip txt txt.zip rtf.zip a4.pdf a6.pdf mobi.prc epub ios.epub fb3