Ши к1ира сов хан а яьллера хин йисттехь мехкарша Зараъ хьовзийна, буьйсана юккъехь Зараъ цхьана цаевзачу г1овг1ано самаяьккхича. Т1е х1ума а юьйхина и арайолуш, дадас мохь туьйхира цуьнга:
Йо1! Хезий хьуна, самаяла сихха! Т1е х1ума а кхоллий араяла!
Х1ун хилла, дада? Сингаттамен х1ума-м дац хилла? дена дьухьала араелира йо1 оцу хенахь.
Амма йо1а динчу хаттарна жоп х1окхеран шуьйрачу уьйт1ахь дара, схьа хетарехь. Уьйт1е юьззина геннара яьхкина хилар билгало йолуш хьацарах ша и хи санна т1еда говраш яра.
«Зараъна рема ялон вахана Висит!» шен накъостийн мехкарийн шабар-шибарш дагадаьхкира йо1ана, оцу ойланах ела а къежира иза. Арахь, даьржина беттаса делахь а, буьйса яра, цундела йо1 елакъажар цхьанна а ца гуш дисира.
Йолла а кхосса говрашна хьалха, жимма хан а ялийтина, хьацар жимма дакъаделча, хи а малийта цаьрга, элира Болатас йо1е.
Йо1е и болх банлур бу-бац аьлла шек а вацара и, шен йо1 дика евзара денна. Делахь а, Висита а, сиха т1е а вог1уш, вуьйлира йо1ана г1о дан. Шаьшиъ жима долуш дуьйна ша ма-яккхара ц1е а йоккхуш:
Виса, х1ара говраш стенгара евлла буьйсана юккъе? хаьттира Зараъас Виситига, денна ца хозийтуш.
Говраш нисъялар Делан болх бу-кх Х1орш г1алг1азкхийн аренашкара ялийна, аз жимма лахдина хаийтира йо1ана жимчу стага.
Виса, суна ялийна-м яц хьан и говраш? ах бегашийна, ах к1ант зуьйш елакъежаш, хаьттира йо1а.
Яц! доцца хадийра Виситас.
Суна ца ялийнехь, тхан уьйт1а х1унда лаьхкина ахьа уьш? къарцалора йо1.
Шун уьйт1а ца лаьхкина Сайн ден метта аса лоруш волчу Болатан уьйт1а лаьхкина, резавоцучу т1ег1ана т1ехь аз дийкира жимчу стеган.
Виса, ас-м хьо хийзавеш, бегаш бой! Жима волуш дуьйна бегашах кхетар волуш ца хилла-кх хьо! шен рог1ехь реза йоцу кеп х1оттийра Зараъас.
Болат оцу хенахь кевнах а ваьлла ладуг1уш вара юьртахь кхин цхьа а г1овг1а юй. Юькъачу хьаннех юьзина йолчу шина рег1ана юккъехь 1уьллучу юьртахь тийна дара. Наггахь «г1алх-г1илх!» олучу ж1аьлийн г1овг1ано бен билгала а ца йоккхура бошмех юьззина къевлаяьлла юрт.
Ма белахь суна дегбаам, со генара веъна жимма к1адвеллачух тера ду, бегашех кхетачохь а вац, Зараъ! йоь1ан дегъбаъамах к1елхьаравалан г1оьртира жима стаг.
Иза ма дара йо1ана дезарг-м!
Мехкарша-м хьо суна рема ялон вахана ма бохура, со оцу говрийн меха а ца лору ахьа, Виса? к1ант к1елхара ца волийтура Зараас.
Хьан мах-м, сан йиша, итт реманал а лакхара бара. Амма говраш аса вайна ца ялийна. Уьш байлахь дисинчу берийн нанойн дуьхьа ялийна ю. Амма сайн йишина цхьа безамехьа нисбелла дин-м балийна аса! И лаьтташ болу дин гой хьуна? йо1ана там бан г1оьртира Висита, цунна совг1атана к1айн дин а луш.
Баркалла, Виса, суна-м ца оьшура и дин а, хьо могуш-маьрша ц1авирзичахьана, х1инца-м бегаш ца бора йо1а.
Церан шина дена юккъехь долу гергало бахьанехь Виситий, Зараъий а дара ваш-йиший санна цхьана хьалакхиина. Хала киртиг яра жимачу стаганий, йо1аний дахарехь т1ех1оьттинарг.
Говраш д1а1алашйина девлича, Зараъ лохачу раг1ун к1ела яхара, к1антана юург охьайилла. Ткъа Висита ц1ийнат1ехьахула хьаьдда доьдучу сирлачу татолана т1е вахара, юьхьах хи тохан. Жима стаг раг1у к1ела веъча Зараъас лохчу истолан т1е йиллинера, суьйрана кечйина х1инца а шелъелла яланза сискал, т1оберам, сихха к1еглеш т1ехь деттина схьадолуш дара дакъадина жижиг а.
Со ойла еш яра, элира Зараъас г1айг1анечу озаца, юьхьаха гата а хьокхуш, раг1уна к1ела вог1учу Вистига. Ахьа дийнна рема схьа а яьккхина битинчу нехан а ма ду бераш а, берийн бераш а хир ду. Церан ойла ян а йой техьа ахьа а, хьо санна болчу т1елатархоша а?
Раг1уна к1елахь Зараъас латийна чиркхана серлонехь соцунг1а хилира Висита, йо1ийгара дагахь а доцуш иштта хаттар шена хезча. Амма и хаттар-м цо ша-шега дуьххьара деллачух тера дацара. Халла раг1уна к1ела тарлуш онда вара жима стаг.
Паччахьан эскаршна хьалха а лелхаш, вайн лаьтташна т1едог1у некъаш а гойтуш, вайн адамаш а дойъуш, вайн а, шайн а берех бобераш а деш, харцонаш лелийначу г1алг1азкхийн, г1алмакхойн реманаш, бежнаш ду оха царех таса а луш, цаьргара дохурш. Вай ца бина царех мостаг1ий, цара бина вайна а, шайна а бала. Уьш паччахьах бевдда баьхкича, вайх царнна тешамен лулахой хиллера. Амма паччахьа шаьш хьаьстича, сиха 1ехабелира уьш, сихбелира вайн ярташ ягон а! Дала бекхам бийр бу церан т1аьхенна а техь! олуш шен майра сирла б1аьргашца йо1е хьажира Висит.
Хьо хьанна луьйш ву, ва к1ант? къамело 1ехийначу Зараъаний, Виситиний дагахь доцуш, дийкира воккхачу стеган аз.
Адамаллех, къинхетамах лаьцна цхьацца ойланаш йора оха-м, ваша, олуш лохачу г1анта т1ера г1аьттина дег1 нийсдира Виситас.
Жимчу стеган шена хезначу къамелан кийсагах жам1 динчу воккхачу стага элира:
Дера, г1алг1азкхий-м къонаха къам дара, вайна юккъехь-м ц1ий ийдина гергалонаш а дара хьалха заманчохь. Царнна хьалхабевллалеларш хир бу-кх церан б1аьрса дайъинарш. Охьалахлол, Висита, х1ума кхаллал. Йо1, суна а доттал г1алмакхчай, олуш истолан йистте д1атарвелира воккха стаг.
Висита а хиъира охьа цул т1аьхьа.
Ваша, говраш а, бежнаш а юьртарчу мискачу нахана д1анийсаян, юьртара баккхийчу нехан г1о оьшура суна. И хьайна т1елоцур дацара техьа ахьа? дехар деш хаьттира жимачу стага юучу х1умана т1е а кхевдаш.
Кхана 1уьйрана чукхойкхура бу аса баккхийнарш, цхьана х1умана ойлане а хуьлуш элира Болатас, жимма 1ийна т1етуьйхира: Висита, мискачу нахана ахьа а, хьан накъосташа а динарг доккха г1о ду. Т1аьххьара вайна паччахьан хьадалчаша кховдийначу т1емаша г1орасиз даьккхина дукха адам. Вайн наха вовшен г1о дахь а, хала киртиг ю дукха нахана т1ех1оьттинарг. Иштта делахь а, со дийна волучура хьан ден меттана а хилла 1аш а хиларна, цхьа хьехар дара сан хьуна а, хьан накъосташна а дан лууш. Дайшкара даьллачу г1алатех кегийра бераша, зударша жоп далан дезаш дац, муьлхха а къоман г1иллакхе даьккхича а. Вайн бераш бахьана долуш нехан берийн багара сискал яккхар нийса дац. И аша дийриг, т1ом боьдуш болуш хилча а, инзаре х1ума ду. Цулла совнаха, шун дахарна кхерамен х1уманаш а ду уьш. Герз д1аса тухучу меттехь даима а бац д1атохан аьтто болуш. Вайшинна юкъалелан вайн кхин зударий а бац, цундела со ца аьлча а ца волу. Хьайн х1усама а кхоьллина, вахаран т1е ойла а яхийтан дезара ахьа.
Эхь-бекх лаьцна, Висита истола т1ера г1атта сихвелча, омран кепехь куьйг хьажийна, и охьа а хаъийтина, ша г1аьттина чу вахан д1аволавелира воккха стаг.
Виситас шен керта ца ялийра цхьа корта а говр, бежан. Амма Зараъина боьг1на хиллера буьйсана к1айн хеташ хилла сира дин. Оцу буьйсана говрашна Зараъас йол юьллуш дуьйна хаъалора, динан йо1е кхоллабелла безам. Йо1а шена хьалха йиллина йол ца хьанъеш, цуьнга леррина хьоьжура сира дин. 1уьйрана говраш мискачу нахана д1аса юьгуш, сира дин-м Зараъина уллора д1абаккхан а ца белира. Бера санна йо1ана т1аьхьа а баьлла лелара сира дин. И сурт гинчу баккхийнчара а дин йо1ана битан сацам бира. Сирдин аьлла ц1е а кхоллаелира динан оцу дийнахь.
Зараъеран кертахь Сирдин д1абоьхкуш а бацара. Ша юьрта йистте яжа а йоьдура говра, ша ц1а а йог1ура. Йо1а нускал санна хаза а, ц1ена а латтайора Сирдин. Заръина говра а езаелира барам боцуш, амма нахана гуш дийнахь иза т1ехиъна хахкар-м ца хуьлура цуьнан. Нохчийн йо1ана товш дацара и санна дериг, цундела Зараъ буьйса юккъе яхача, божарийн духарца, шен говра хуура. Сирдин-м оцу хенахь самукъадолий, т1ема балан боллу моьттуш хуьлура. Туьйранахь бийцина т1емаш долу дин санна лелара и лаьмнашкахь, ломана буьххье хьалахьодуш, т1емабаьлча санна охьахоьдуш. Ткъа Зараъ ша хуьлура оцу хенахь уггаре ирсен йо1 х1окху доккхачу дуьнен чохь! Хабарш-м дукха дера дара Сирдинах, Зараъах лаьцна, делахь шен б1аьргашна гинарг цхьа а вацара.