Хаджимурадов Вахит - Болатан Зараъ. Повесть стр 4.

Шрифт
Фон

Буьйсана Виситеран б1аьхойн тоба мелла а делахь а, садо1ан дезаш яра. Царнна т1е1оттаялан 1алашо йолуш яцара йо1, цундела цо шен Сирдин а юхаозийра к1езига. И эрна а ца хиллера, буьйса юкъала т1ехъиккхинчу хенахь, йо1ана гена йоцуш хьалха к1уран хьожа кхийтира. Сирдинан бергийн тата хезардоцуш, говрана болар лах а дина, меллаша хьалха охьанехьа яхара Зараъ. Гена боцуш садо1ан д1анийсабеллачу дошлошна ша хаъалур йоцуш улло а яхана, Сирдин сацийра йо1а. Говрана т1ера нуьйра а яьккхина, и яжан д1ахийцира цо. Жимма х1ума кхоллуш пхьор а дина, нуьйра коьрте а йиллина, верта т1е а тесина садо1ан д1анисъелира Зараъ ша а.

Сатосучу седанца Сирдинас улло а еъна самаяьккхира йо1, и эрна а ца хиллера. Гена доцуш лахахь 1инчохь, лерг ира долчу йо1ана хезира, халла бен ца къаьсташ йолу дуккха а говрийн бергийн тата, т1улгенийн г1овг1ано ч1ог1а г1елдинехь а. Дукха хьиэм ца беш, сиха кечам бина, оцу говрийн бергийн лараца т1аьхьа йолаялийтира йо1а шен Сирдин а. Дукха хан юкъа ца юлуш, хьалаг1аьттира ц1ен малх а, сатосу седана серло ц1аьххьана лахъеш. Яккхий хьаннаш да1аса а тоьттуш, резадоцуш г1овг1ане хьаьдда йоьдучу хин тулг1енаш бахьана дика ца къаьстира хьалха д1аоьхучеран татанаш, аьзнаш, цундела Сирдин а йоьдура ког байбина. Схьахетарехь, аренга д1акхачан ши-кхоъ арц бен ца дисинера. Эххара а хина тулг1енаш хьалха санна ч1ог1а дера йоцуш парг1атъевллера, иза яра, хи аренга дала кечлуш хиларна билгало. Аренца лелан 1емина Сирдин а яра мелла а самукъадаьлла, хьекъален говрана а хаъаделлера сийна аре генайоцуш хилар.


Де делкъанехьа г1оьртира, ц1аьххьана т1аьххьара арц букъна т1ехьа а дуьсуш, хьалха д1аоьху б1аьхой а, царнна ца тусалуш йог1у Сирдин а аренца д1абуьйлалуш. Мелла а шорделла, парг1ата дог1учу хина бердана йистехула бара х1инца а хьалхалерачу заманан шира некъ. Аренгахь лахбеллачу бердах тулг1е тийсалуш дог1у хина йисттехь лахахь 1уьллуш йолчу нохчийн юьрта кхачан дагахь д1аг1ертара Висита хьалха а волуш кхо б1е сов хир волуш дошло. Ломахь санна лекха яцахь а, гонаха луьста хьун 1уьллура. Х1инца, дехьа-сехьа тог1еш йолуш шорделлачу хина бердана йисттехула дитташна юккъехула боьдура шира некъ. Мог1а бахбина, шиъ говра улло нислуш бог1ура дошлой. Х1орш д1акхачан беза юрт Теркана а, паччахьан эскаран коьрта г1опана дукха генахь яра. Цундела оцу юьртахь геннара некъ бина б1аьхой, жимма садо1ур шаьш, аьлла дагахь бара. Бевза-безарш а бара цхьаболчу дошлойн оцу хьалхахь 1уьллуш йолчу юьртахь. Виситина уллохь лекхачу дег1ехь волчу, 1аьржачу динахь вог1учу Вахина-м цу юьртахь, т1ехьийза дикка хан йолуш, хаза сирла месаш а йолуш, цхьа йо1 яра, ша санна хаза Малика бохуш шен ц1е а йолуш. Ваха Висител ши шо жима вара, делахь а, г1еххьа доттаг1алла дара цу шинна юккъехь. Виситица Теркал дехьа даьхни далон х1орш оьхучу хенахь а Виситина уллохь хуьлуш вара жима зудаберийн санна хаза юткъа юьхь йолу Ваха. Дуккха а шегара хьуьнарш гайтинера Вахас г1алг1азкхашца алссама хиллачу тасадаларшкахь а. Цуьнан расха дин а бара г1алг1азкхийн а, г1алмкхойн а аренашка боьду некъ дика бевзаш.


Мостаг1ий шайна генахь хиларе терра шайн бегаш беш, вовшийн хабарш а дуьйцуш, шайн дайх бисина махкахь шаьш хиларе терра майрра схьабог1ура ламанхой. Х1инца-м оцу юьртана улло а г1оьртинера дошлойн тоба. Ц1аьххьана Виситас аьтто куьйг айбира леккха нийсдеш. Дошлой мостаг1чунна т1елата кечаман санна говран нуьйрахь нийслуш, кечам бира, и куьйг шайна гушшехь. Хабарш а, беларш а цкъа а ца дийцича санна д1атийра. Мостаг1-м хуьлийла дацара кхузара майра к1ентий бехачу хьаннашка юккъехь, делахь а, т1емло массо а заманчохь ву тасавалан кийча хила дезаш. И-м ламанхойн к1антана бер долуш дуьйна хаара нохчийн лаьмнашкахь.

Виситас ша айбина куьйг охьадахийтира, дуьхьала вог1уш, тобана хьалха х1ун-мила ду хьожуш волу шиъ жимха дошлой а гина. Уьш бара Аьрзуй, Лечий бохуш, ч1ог1а каде, маса вуьрх1ийтта-берх1ийтта шераш долуш, кегирхой. Эскарна хьалха бевлла даима а хилан беза иштта хьалхахьажархой. Мостаг1 стенгахь ву, мелла ницкъа болуш а ву баьччина б1аьргаш хуьлий, хоийтура цара.

Шайна гина мостаг1ийн тоба мел онда елахьа а, баьччина хаам беш Аьрзу даима а хуьлура велакъежина, шена хаза к1айн цергаш а гойтуш. Леча-м оццул къона волушехь, хуьлура даима а хьаьжюккъе шед а беш, ша волучулла а воккха хетийта г1ерташ.

Жимма хьацартоьхна говраш а сацош дуьхьала кхаьчна ши к1ант воьхна вацахь а, цхьа сингаттам бахьаш-м веънера. Аьрзу а вацара шен самукъне къажар гойтуш.

 Аша х1ун до, 1адийча санна? Исс корта болуш саьрмак-м ца гина шуна цигахь хьалхахь?  собар кхачадеш хаттар дира Виситас к1енташка.

Эрна бохура Виситас к1енташка и санна дешнаш. Уьш-м дера бацара, цигахь Виситас буьйцу и исс корта болу саьрмак хиллехь а, боьхна хьаьвзира болуш. Оцу саьрмакан хьаьжюккъера яьккхина ма1а а яхьара йолуш бара и к1ентий-м. Амма х1инца вара и шиъ цхьана х1умано догдохийна.

 Зударий цигахь,  аьлла сецира Аьрзу.

 Вайна хьалха йолу юрт мостаг1чо йохийна! Цу юьртара бевдда к1елхьарабевлла зударий-мах1ажарш бу гена боцуш х1окху некъа т1ехула схьабог1уш. Уьш ломахь к1елхьара бовлу дагахь бу!  элира доцца, Висита кхетавеш, Лечас, шен хьаьжюьккъера шед а ца бостуш.

 Мичхьа бу и зударий? Гайтал тхуна!  олуш, шен говра некъат1ехула охьайолаялийтира Виситас.

 Гена бац!  олуш Аьрзус шен сиха дин хьалха кхоьссира Виситина. Лечас а шен говр д1аэккхийтира Аьрзуна т1аьххьа.

Кестта дошлошна гира ворданий ч1ургаша т1ехь ларнаш йитинчу некъахула хьалха г1ерташ йолу зударийн, берийн шиъ-кхоъ б1е хир йолуш йоккха тоба. Царех цхьаберш чевнаш йина болучух тера а дара, цхьацца бехчалгашца дихкина ког-куьйг дара церан ц1ех дуьзина. Дуьхьала бог1уш т1емлой гича, зударий некъана йистте дитташна юккъе а бовлуш сецира, сапарг1ат садо1ан. Уьш бевдда к1елхьара бевлла к1адбеллачух тера дара. Шаберш бохург санна бецана т1е охьалахбелира уьш. Хьалха йог1уш хилла куьйг дихкина йолу йоккха стаг Хьава, цунна г1одеш г1ортор хилла йог1уш хилла кхиъна йог1у йо1 а д1анисъелира дитта к1елахь бецана т1ехь. Висита вог1уш лаьтташехь говрара воьссина улло хилира зударшна. Цхьаболчу зударийн б1аьргех хинт1адамаш оьхура, амма церан белхар г1овг1а йоцуш тийна дара. Кегийрачу берийн ц1ог1наш-м дара кхераделла а, мацделла а хьоькхуш.

Йоккхачу стагна Хьавана улло вахана Виситас хаьттира:

 Баба, куьйг лозийна ду хьан? Лозий хьан и? Дика д1адихкича х1ун дара техьа?

 Куьйг-м ца лозура сан, жима стаг, дог лозу-кх, х1ара адамийн бала гуш. Вайга х1ун де боху техьа оцу боьхачу адамаша! Олуш, дуьйцуш х1ума а доцуш, 1уьйрана малх г1оттуш юьртана гуо а бина, яккхий тоьпаш йиттина адам х1аллак ди-кх оцу дела воцучу хьакхарчаша! Ягийна д1аяьккхи-кх цара и вайн юрт!

 Божарий стенга бахана, баба? Дийна стагга а ца висина?  хаьттира Виситас.

 Мила дийна ву а ца хаьъа, мила вийна а ца хаьъа! Яккхийн тоьпаша х1оъа бетташ б1арзвинера шаверг а! Божарша а, дукхачу зударша а герз карахь дуьхьало йира оцу т1еман к1урна юккъехула. Царах х1ун хилла а ца хаьа тхуна-м,  легашкахь хорам хилла хала дара Хьавана къамел дан.

Йоккхачу стаге садо1ийтуш Висита айбавелла некъаца охьахьаьжира. Йист ца гуш дукха бара мух1ажарш. Дошлой а говрашкара биссина шайн гергарнаш лохуш буьйлабеллера.

 Баба, тхо даханза ца довлу шу ломарчу ярташка хьалакхачалур дуй-те?  хаьттира Виситас.

 Х1умма а дац, жима стаг, тхо-м т1амана к1елхьара девличахьана меллаша д1аг1уртура дара. Шу ма к1езига ду-кх оцу Делан мостаг1ашна дуьхьала, яккхийчу тоьпашна дуьхьала. Шортта т1емлой а гулбина дан дезар-кха царнна та1азар, оцу хьаькхийн хьожа йог1учу эскарна,  шен корта, лозуш санна, лестабора йоккхачу стага.

Ваша оценка очень важна

0
Шрифт
Фон

Помогите Вашим друзьям узнать о библиотеке

Скачать книгу

Если нет возможности читать онлайн, скачайте книгу файлом для электронной книжки и читайте офлайн.

fb2.zip txt txt.zip rtf.zip a4.pdf a6.pdf mobi.prc epub ios.epub fb3