Гадаев Магомед-Салах - Вер-витар

Шрифт
Фон

Магомед-Салах Гадаев

Вер-витар


(Хьалха лелларш)

Суьйренашца шовданийн кортошка (мехкарша хиш оьцучу меттигашка) гуллуш хуьлура хьалха йарташкара нах. Берриш а бохург санна. Баккхийнаш генахьо ховшура. Мехкаршца шайн бала а боцучу суьртахь. Ткъа кегийнаш хина гергахьа хIуьттура, мехкаршка бист а хуьлуш.

Иштта гулбеллачохь дов даьллера Аласханан а, Ирсханан а берийн. ГIеметтахIиттина, тайна кIентий хиллера Аласханан кхоъ а, Ирсханан шиъ а. Кертах баккъаш а товжийна, вовшах агIош а тоьхна хевшина Iаш дай а хиллера. Генахь а боцуш. Шайн кIентий а гуш.

Аласханан воккхахволчу кIанта, ластийна тур тоьхна, Ирсханан воккхахверг охьавиллинера. Хаттала. ХIетта догIа а тийна, къегина малх а хьаьжна, луларчу баса стелаIад а хIоьттина, наггахь бен ца нисло тайпа исбаьхьа-хаза суьйре хиллера и царна ирча йеанарг. ТIаккха, шаьлта баттара схьа а йоккхуш, шен ваша вийначунна чукхоссавелира Ирсханан шолгIаниг. Вукхарех цхьаммо схьаластийначу шаьлтанна дуьхьал шен аьрру куьг а лоцуш. Ткъа и куьг, цу шаьлтано буткъачу пхьаьрсехула хада а дина, хаттала охьадоьжнера. Чхьап-аьлла. Шаьлтанца хьалакховдийначу вукху куьйга баьккхина шен куй цу доьжначу куьйгана тIе а тесна, шолгIа чукхоссавелла, шаьлта тоьхна, охьавиллинера шен ваша вийнарг.

 ЭхI!.. Иштта-м хир дац!  аьлла, шаьлтанна тIе ка а дуьллуш, хьалаайвелира Аласха.

 Веги хьо, Аласха! Веги хьо! Бераш дита! Охьахаа!  аьллера Ирсхана, чоин йух лаьцна, Аласха охьа а озош.

 ЭхI!.. Ваьгна а хилла,  аьлла, шен метта охьахиънера Аласха.

Йукъабоьллачу наха дов а сацийнера, кхин дехьа ца долуьйтуш, машар а бинера, Аласханан йоI Ирсханан висинчу кIантана а йалош. Йукъахь хьагI-бода ца хилийта. Гергарло чIагIдалийта.

«Ишта-ишта, машар а хили, хьо дIайига а баьхкина ворданца»,  аьллера йоIе. Божал чохь хиллера йоI хIетахь, кхо доккхуш.

Меллаша баьхьа дIа а хIоттийна, ворданехьа йолайелира йоI. Ша ма-хиллара. Кхоша буьзначу берзинчу когашца.

 Собарде, ши ког а цIанбе, тIе хIума а йуха, маре йоьдуш йу хьо,  аьллера гонахболчара.

 Э-э-э, и аш дуьйцу маре дац хIара,  аьлла, вордан тIе йаьллера йоI.

Оханийн белхаш хала хуьлура хьалха. Къаьсттина лаьмнашца йолчу меттигашкахь. Йалх, бархI сту а бужий, йоккхачу гIовгIанца, къаьхьачу вонца, халла цхьа басарш дора. Буьйсанашца стерчий дажадора. ТIехь а Iаш. Нохчмахакахоша «гоьзатахь Iаш» олура цунах.

Оцу гоьзатахь Iаш волу Сайда вийнера цхьана буса. Хьан вийна а ца хууш. Хьуьнан йуккъерчу ирзу тIе стерчий а лаьхкина, дIатевжина хиллера и миска. Цигахь наб а кхетта Iуьллучу цунна коьртах диг тоьхнера. Берриг хье схьа а тосуьйтуш. ТIаккха йуьхь тIе шаьлта йиттинера. Шина агIор йохуш. Йуьхьан амат дитина а дацара.

Хьалххе гота йожа дагахь, са ма-тоссура вахначу дений, вешиний иштта ирча Iуьллуш карийнера Сайда.

Меллаша схьадаьккхина, шен чоа Сайдина тIе а тесна, вукху кIанте аьллера дас Себара:

 хIара сурт вайн нахана ган лаьа суна. Эвла а гIой, дIахаийта хIара. Маьждигера барам а ба.

Орца деанера эвлара. СебаргIарна гена воццуш вехаш волу къена-воккха стаг Болатмирза а йуккъехь. Цо аьллера, Сайде а хьаьжна:

 Ма йоккха эрчалла йу хIара. ХIара болх балла боьрша йолуш хIума а, хIоккхул къиза адам а хила йиш ма йац, ша и тхоьгара жIаьла дацахь. И, мацца а, адам а дац. ЖIаьла ду ша ма-дарра. Йа сийсара а, йа тахана а цIахула гуш а дац.

Вер-витар

читать Вер-витар
Гадаев Магомед-Салах
"Вервитар" ("Месть") – драматичный рассказ известного чеченского поэта, писателя, драматурга и учёного МагомедаСалаха Гадаева.
Можно купить 0.01Р
Купить полную версию

Ваша оценка очень важна

0
Шрифт
Фон

Помогите Вашим друзьям узнать о библиотеке

Скачать книгу

Если нет возможности читать онлайн, скачайте книгу файлом для электронной книжки и читайте офлайн.

fb2.zip txt txt.zip rtf.zip a4.pdf a6.pdf mobi.prc epub ios.epub fb3

Похожие книги

Том 1
193 146

Популярные книги автора