М1араш д1ахедоран хан м1араш ях яларца йоьзна ю, ях елча д1ахедора ю. Имам Шафи1ис а, Дала къинхетам бойла цунах, кхи болу 1елам наха а, Дала къинхетам бойла царех, дика лаьрра х1ора п1ераскан дийнахь м1араш д1ахедор, т1ема къелара чоьш д1адахар, бехке меттиг ц1ан яр чоьш д1адашарца. М1араш д1ахедича куьйга т1ера м1арех хи хьакхар дика ду, ц1аналла кхочуш хилар ду.
Суннат ду м1араш цахедош 40 де ца далийтар.
7-ХУТТУРГАШ ЙИЛАР
Куьйга а, кога а п1елгин хуттургаш йилар суннат ду. Х1унда аьлча, царна юккъахь боьхала гулло.
Лергин чухула хьоьвзина меттигаш йилар а, лерг чуьра ц1андар а суннат ду.
Мара чуьра ц1анбар суннат ду.
Дег1 хьацарах, ченах, кхи йолучу х1умах ц1ан дар суннат ду.
8-Т1ЕМА К1ЕЛЕНАШ Ц1АНЯР
Т1ема к1еленаш ц1аняр бохург, т1ема к1елара чоьш д1адахар ду. Суннат ду т1ема к1елара чоьш куьйгаца ийзадеш д1адахар, х1ора чо цхьацца схьаозабеш. Д1адаша а мегаш ду. Суннат ду хьалхара аьтто т1ема к1еле ц1аняр, цулт1ехь аьронаг. Т1ема к1еле ц1ан ца еш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.
9- МЕРА ЧУЬРА ЧОЬШ Д1АДАХАР
Мера чуьра дах делла чоьш ийзадеш д1адаха мегаш ду. Я д1адаша мегаш ду, ийзадеш схьаацадохуш.
10-БЕХКЕ МЕТТИГ Ц1АНЪЯР
Стагна а, зудчунна а суннат ду хьалхарчу бехке меттиган гонахьара чоьш д1адашар. Дац да а, схьаийза да а, крем хьаькхина д1адаха а мегар ду, амма стагна суннат дерг61 чоьш д1адашар ду, зудчунна суннат дерг62 чоьш ийзадеш хьадахар ду. Зудчо д1адаша а, дац да мегар ду.
Шен бехке меттиг х1ораммо ша ц1ан ян еза, кхечуьнга ц1аняйтар хьарам ду. Делахь а, зудчо шен х1усам ден бехке меттиг ц1ан я мегар ду, дикох дерг стаго ша ц1анъяр ду, шен х1усам ненига ц1ан ца йойтуш. Бехке меттера чоьш д1ацадохуш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.
10-ХИЦА Ц1АНО ЯР
Хьат1 г1уллакх63 а, доккха г1уллакх64 а дича хица ц1ано яр суннат ду. Хица ца еш, кхечу х1уманца я мегар ду. Цунах лаьцна лахахь хьахадина аса «Ламазан ц1ано яр декъехь», цигахь дойзура ду хьуна цунах дерг кхачам болуш Делан пурбанца.
11-СУННАТ ВАР65
К1ант суннат вар фарз ду. Йо1а суннат яр суннат ду, фарз дац. К1ант суннат вар хуьлу цуьнан хьалхарчу бехке меттера ч1ор хада дарца корта гучу баллалц. Йо1а суннат яр хуьлу цуьнан хьат1 ара долучу меттера лакхара жиммалца ч1ор хада дарца. К1ант суннат вар бахьана, иза 1овратан коьрта т1ера ч1ор д1ацадаьккхича, цунна бухахь хьатт1ан т1адамаш дисар ду, т1аккха уьш жим-жима охьа довлу, т1аккха ламаз карар долу цунна шен даьллий ца хууш, т1аккха ламаз карахь доцуш ламазаш до цо, т1аккха цунаха йоккха дакъазалла хуьлу цунна. Вуьшта а цу ч1оьран бухахь хьатт1и т1адамаш хилча цунах лазар хуьлу. Цундела фарз ду к1ант суннат вар.
Амма йо1а суннат яр бахьана, цуьнан шах1ват66 лахдархьам ду. Зудчуьн шах1ват ч1ог1а хуьлу, цундела иза хьарамчух ларъеш еш ю иза суннат. Йо1 суннат яр фарз дац, суннат ду67, иза суннат ца йича къа дац.
К1ант а, йо1 а ч1ог1а лерина хадо дезаш ду. Хьам-хьамма да мегар дац иза, лоьро я и болх бойзучо бен.
К1ант суннат вар фарз хуьлу иза кхиича68, х1унда аьлча, кхиича ламаз а, кхин долу динан фарзаш т1е дужу дера цунна. Т1къа суннат вина ца хилча ламаз карахь хира дац цуьнан, т1аккха ламаз карахь хила деза фарзанашна ц1ена хира вац иза, х1унда аьлча, хьатт1ан т1адамаш дуьсу дела цуьнан 1овратан ч1оьран бухахь.
К1ант а, йо1а а кхиале суннат дар суннат ду. Дезох дерг бера дуьненчу даьлла 7-чу я 14 я 21 дийнахь суннат дар ду, нагахь санна бера г1ийла дацахь. Г1ийла далахь т1аьхьо суннат дийра ду, онда даьлча.
12iАТiАР ТОХАР
1ат1ар тохар бохург хаза хьожа йолу х1ума хьакхар ду. Хаза хьожа йог1у х1ума хьакхар суннат69 ду. Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, IатIар тохар т1ехь ч1ог1а сутара хилла, иза дезаш хилла цунна. Шена совг1атна 1ат1ар делча схьаоьцуша хилла цо, цундела кара́х1ат70 ду шена совг1атан 1ат1ар делча иза схьацаэцар, Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шена 1ат1ар лучо иза юха ма тухийла>>.
1ат1ар х1ора дийнахь тухура дац, цхьан дийнахь тухуш, вукху дийнахь ца тухуш лелора ду. Х1ора дийнахь 1ат1ар тохар дика дац.
Суннат ду бусалба стагна кеч валар, куьзган чу хьажар. Суннат ду стагна а, зудчунна а куьзган чу хьаьжича алар: <<Я Алла́х1, Ахь сан куца дика дар тера, сан г1иллакх а дика де Ахь, сан юьхь ц1арна71 хьарам а е Ахь>>.
Амма зуда шен чохь кеч яла еза х1усамдена. Хийрачу божаршна кеч елла гучу яла хьарам ду зудчунна иза ара яьлча я хийра наха церан керта баьхкича. Хийрачу божаршна хьалха зуда фарз-духар доьхний бен гучу яла йиш яц. Зудчуьн фарз духар куьйган хьоркашна т1е кхаччалца ши куьг хьулдина долуш, юьхь бен гучу ца йоккхуш дег1 шуьйрачу бедарца къайла даьккхина хилар ду. Х1усамдена хьарам ду шен зуда фарз духар доьхна йоцуш, кеч елла йолуш хийрачу божаршна гучу ялийтар.
Примечания
1
Понедельник.
2
Йохкар-эцар (Торговля).
3
Лунный календарь.
4
Солнечный календарь.
5
1ибадатехь бохурга: ламаз эцар, фарз я суннат лийчар я муьлха хи лело т1едиллиначу х1умангахь т1ох1у́р хи лело деза. Иштта бусалба динехь хи лело аьлла меттиг чу лоцу 1ибадат бохучу дашо.
6
Медь.
7
1аламан бахьнаца бохург (это природные явления, которые происходят без участия человека).
8
Муста1мал, иза ламаз оьцуш, фарз лийчаран луьйчуш, нажас д1айоккхуш лелийна (использованный) хи ду.
9
Фарз ламаз оьцуш, фарз луьчуш.
10
Суннат ламаз-эцар иза: 1-ламаз карахь долушехь, цунна т1е керла ламаз эцар ду. 2-Шоллаг1а я кхозлаг1а меже йилар ламаз оьцуш. 3-Суннат лийчар, фарз доцуш.
11
Нажас х1ун ю, цуьнан тайпанех лаьцна, нажас юьйцу декъехь хуур ду хьуна.
12
Бос, чам, хьож.
13
Ц1ена хи доцург.
14
Тема дарх лаьцна дакъа т1аьхаь схьадог1ура ду. Цигахь дойзура ду хьуна тема х1ун ду, иза муха до, кхин а дуккха х1ума цунах лаьцна.
15
Стега а, зудчуьн а.
16
Сперма.
17
Сперма.
18
Масала: Ж1алий, хьакхий хилла доьзал.
19
Масала: Ж1алий устаг1ий хилла доьзалхо. Я хьакхий эсех хилла доьзал.
20
Белое выделение.
21
Ойхьаза юкъа меттиг хуьлуш (При половом акте).
22
Животное.
23
Желудок.
24
Из груди.
25
Выделение.
26
Возбуждение.
27
Выделение.
28
Селезёнка.
29
Клоп.
30
Блоха.
31
Хьа́ким, 4/239.
32
Копыта.
33
Ж1алехи, хьакхахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан да-нана ж1алий, хьакхий долун дера.
34
Масала: хьакхехий, цицигахий схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ хьакх йолундера. Иштта ж1алица а хуьлу. Масала: ж1алехи, котамахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ ж1ала долун дера.
35
мот, мар, багара шат, хьат1, боьхал, цуьнан кхи йолу т1еда х1ума.
36
Вакхош волу.
37
Не объязательно.
38
Б1аьрса са дика долчун б1аьрган гуш йоцург. Амма б1аьрса са вон долчун ца гарха тергам беш бац.
39
Шури бос я чам я хьож хийцнехь, шура боьха ю.
40
Птицы.
41
Коча х1уми бос я чам я хьож хийцахь.
42
Кхузахь лууш йолу са долу х1ума шен меже яьккхича ц1ий ца оьхуш ерг ю, лакхахь хьахийнаш санна.
43
Ламаз оьцуш, луьйчуш, кхидолучу х1уманна хи лело.
44
Позолоченный, посеребренный.
45
Позолоченный, посеребренный.
46
Нажасах лара цалуш волу бусалба стега пхьег1аца а, бедарца а.
47
Брилианты, изумруды, жемчуги ти. д.
48
Бехчалг, цергаш юьлу щётка (зубная щётка) я кхи ерг.
49
Суннат дина х1ума ца дича къа дац, амма фарз ца дича къа ду, и башхалла ю цершин юккъахь.
50
Фарз я суннат марх, башхала яц.
51
Урок шариатских знаний.
52
Хьадис, иза Делан Элчо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла дешнаш ду.
53
1а́ишат Делан Элчи Делера салават а, салам а хуьлда цунна х1усам нана ю.
54
Муслим: 253.
55
Шах1адат: Ла́ ила́х1а иллалло́х1 алар ду. 1ожул т1ееъча сивак хьокхучунна шах1адат а дага дог1ура ду.
56
Сиваках лаьцна лакхахь дийцина.
57
Коьртанн меш шаръяр а, даьтта хьакхар а х1ора дийнахь хила мегар дац, юкъа денош довлуьйтуш хила деза.
58
Аьтто а, аьро а.