Хьусайн Шовхалов - Ламазан догIа стр 5.

Шрифт
Фон

 Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.

Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.


Кериста неха пхьег1ашна а бедаршна а т1ехь нажас юй я яций ца хаахь, уьш лелаярха лар велча дика ду, х1унда аьлча уьш нажасах ларлуш боцун дера, делахьа йилина а, йиттина а йоцуш лело мегар ду уьш, ца лелийча мелехь ду. Амма царна т1ехь билгалла нажас яций хаахь, т1аккха лело мегар ду йилин а йиттин а яцахь а. Амма царна т1ехь билгалла нажас ялахь, нажасах ц1ан йиний бен лело мегар дац уьш. Иштта ю нажасах лар цалуш волу бусалба стега пхьег1аш а, бедарш а ю, цаьрца46 лелон дезарг кериста неха пхег1ашца а бедаршца а лакхахь лело дезаш билгалла даьккхинарг ду.


 Дезачу т1улгех47 йина пхьег1аш ламаз-оьцуш, луьйчуш, чохь д1ах1иттош, яах1ума юуш а молуш а, кхечу муьлхачу белхашкахь лело магийна ду.


 Нажасах йиначу пхьег1а чохь 200 литр барамел доцу хи лело мегар дац, х1унда аьлча 200 литр доцу хи нажас-пхьег1а чу доьттича и хи нажас хуьлун дера. Амма нажасах йиначу пхьег1ачохь схьаоьцу хи 200 литр я кхиъ сов далахь, т1аккха и хи ц1ена ду нагахь санна хин чохь нажаси бос я чам я хьожа гучу ца яьллехь.

Нажасах йиначу пхьег1а чохь ц1ена йолу екъа х1ума лело мега, т1еда х1ума лело ца мега, нагахь санна и т1еда х1ума 200 литр яцахь. 200 литр яцахь, иза нажас лорур ю.

ДИОЛАГ1А ДАКЪА: СИВАК

Цергашна сивак хьакхар суннат ду. Сивак лелор бохург: дечигац я кхечу х1уманца48 цергаш ц1ан яр, царна гуона́р мот а, доьла а ц1андар, вуо хьожа д1аяккхар ду.

Алла́х1ан Элчо, Алла́х1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: <<Аса умматан хало йийра яцахьара, аса церга омра дийра дара х1ора ламазан сивак хьакхарца>>.


Кху хьадийсо гойту Пайхамарна Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, шен уммато сивак лело мел ч1ог1а лууш хилла. Делахь а, шен умматах къинхетам а бина, царна иза суннат49 йина йитина цо, фарз ца еш, царна хало ца ярхьам. Делахь а, иза фарз ца ярх иза лелор т1ехь мало еш хила бохург дац иза, мелла иза лелор т1ехь ч1ог1а хила бохург ду.


Иштта Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла:

<<Сивако бага ц1ан йо, Алла́х1 реза во>>.


Цундела, сивак лелочунна Алла́х1 реза хуьлу.

Сивакац даима цергаш ц1ан яр дика ду. Массо хьелашкахь суннат ю иза марха кхобуш воцучун. Марха50 кхобуш волучун делкъа хан хиллалц лелор дика ду, делкъан т1ехь марх дасталца ца лелор дика ду. Сивак гуттар ч1ог1а хьакхар деза лоруш къаьстина хьелаш ду, уьш:


1-Муьлха ламаза далле хьалха хьакхар, фарз-ламазна а суннат-ламазна а.

2-Ламаз эца волавалле. Ламаз оьцуш сивак хьокху меттиг куьйгаш дилича, бага-мерчу хи кхарзале ю.

3-Цергаш маж елчера ц1анярхьам, церан хаза бос хилийтархьам. Я цергашна юккъахь йисина яах1ум д1аяккхархьам.

4-Къуръан я 1илман дарс51 я хьадис52 доьшуш.

5-Набарх сама ваьлча дийнахь хилда иза я буьйсана.

6-Шен х1усаме чу воьдуш. Микъда́д ибн Шурайхьо дийцина шен дас 1аишате53 (Дела реза хилда цунна) хаьттинера:


<<Пайхамар Делера салават а, салам а хуьлда цунна хьалхара х1ун дора ша шен х1усаме чу веъча? 1а́ишато Дела реза хилда цунна элира: «Сивакац»>>54.


7-Багара вуо хьожа йоуьйту х1ума йиича, масала: сармсекх, хох, сигаьрк, иштта царех тера муьлха х1ума.

8-Яах1ума яаза хан яьлла багара хьожа еъча.

9-Багара вуо хьожа еъча.

СИВАК ХЬАКХАРАН Г1ИЛЛАКХАШ

1-Сивак дукха к1еда ца хилар церг1аш ц1ан ца еш я дукха ч1ог1а ца хилар доьлан чов еш, к1адалини-ч1аг1алини юккъахь хилар.


2-Сивак муьлха ч1ог1ачу ц1еначу х1уманах я мегаш ду, цергин можа бос д1абоккхуш йолучух. Суннат ду сивак муьлха дечигах хилар, дечигах «1уд» олуш ерг лелор кхиъ ч1ог1а суннат ду, цуьнан хаза хьожа хилар кхиъ ч1ог1а суннат ду. 1удах йолу сивакех уггаре вуолехь ерг, хица т1адаярца къад йина ч1ог1а ерг ю.


3-Сивак цергин лакхара лаха охьа ца хьокху доьла лаза ца дайта. Амма цергийн цхьан аг1онера вукха аг1оне хьокху. Маттан а сивак хьакхар суннат ду. Маттан сивак маттан лакхара лаха охьа хьокхура ю.


4-Суннат ду сивак хьакха волалуш баган аьтто аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца бен ца хьакхар. Цулт1ехь баган аьро аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца хьакхар. Цергашна т1е сивак хьокхуш к1еда хьакха еза, доьлаш лаза цадархьам.


5-Суннат ду сивак хьаькханачул т1ехь сивак хица йилар цунна т1ера боьхал я хьожа я кхиерг д1аяккхархьам.


6-Суннат ду бера жималехь дуьйна сивакан марзадар.


7-Сивак хьокхуш суннат кхочуш деш ву ша аьлла нийят хила деза, т1аккха цунна сивак хьакхаран Делера йоккха ял хьулу.

СИВАКАН ПАЙДАНАШ

Сивакан дуккха пайданаш бу, царех бу:


Бага ц1аняр, сивак хьокхучун Дела реза хилар, цергаш к1ай яр, багара хьож дика хилар, доьла ч1аг1 дар, къеж валар т1ехьо хилар, букъ нис балар, кхетам та балар, доьла шел ца далар, г1иллакх та далар, х1ума дагахь сацар ч1аг1 далар, ял сов хилар, са атта далар, шах1адат дага диийтар55.

ПХИОЛАГ1А ДАКЪА: АДАМИ СУННАТАШ

Адами суннаташ  уьш ларт1ахь долчу адмаца хила деза х1уманаш ду. Уьш Ислам  динан г1иллакхаш ду.


1-БАГА ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш бага хи кхарзар.

2-МЕРЧУ ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш мерчу хи кхарзар

3-СИВАК

Сивак лелор тайпа-тайпанчу хьелашкахь56.

4-СТАГА МЕКХ ДАЦ ДАР

Мекх дац дар Ислам динан а, Пайхамари а (Алла́х1ера салават-салам хуьлда цунна) суннат ду. Мекх дац даран куца шиъ ду:


1-Мекх до́лу лакхарчу балда т1ера ч1ор гучу даллалц мекх дац дар, ч1оьра т1екхаччалца лах цадеш. Я д1аацадошуш.


2-Лакхара ц1е балдах т1ех долуш дерг д1адаккхар ц1е балда гучу даллалц, цулла т1ех ца долийтуш.


Суннат ду мекх дац да д1аволавалар аьтто аг1ора. Суннат ду 40 де ца далийтар мекх дац цадеш. Мекх ша дац да мегаш ду я кхечуьнга дац дайта мегаш ду.

5-СТАГА МАЖ ЯХ ЯЛИЙТАР

Йоккха еха маж хилар суннат ду. Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Маж охь хеца>>.

Кхечу шен хьадийсехь цо аьлла: <<Маж гул е>>.


Мажан яхали дикох болу барам: ч1енги т1ера буй бича буйно д1алоцург бу, цулт1ех яьлларг д1ахадор дика ду йитича а х1умма дац. Буйни барамел лахара маж лелаяр дика дац, амма къа дац. Маж яц ян мегаш ду, генара хьаьжича юьхь т1ехь маж ю аьлла гуш йолучу барамел. Амма маж д1аяшар хьарам ду, къилахь ду. Маж яхка хьокхуш лелаяр суннат ду.


Коьрта месаш шар яр, царна даьтта хьакхар57, пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шен меш йолучу, церан сий дойла>>.


Меш коьрта юккъула сиз боккхуш шина аг1ора58 д1асахьакхар пайхамари, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, суннат ду. Корта д1абаша мегаш ду. Коьртан меш т1ера а, маж юкъара а к1ежбелла чо д1абаккхар дика дац, ша ма бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца59 а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.

Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор60 хьарам ду.

6-М1АРАШ ХЕДАЯР

Куьйга а, кога а м1араш хедаяр суннат ду стагна а, зудчунна а. Суннат ду м1араш д1айохуш аьтто куьйга т1ера волавалар, цулт1ехь аьро куьйга т1ера вола валар, цулт1ехь аьтто коган т1ера, цулт1ехь аьро коган т1ера.

Ваша оценка очень важна

0
Шрифт
Фон

Помогите Вашим друзьям узнать о библиотеке

Скачать книгу

Если нет возможности читать онлайн, скачайте книгу файлом для электронной книжки и читайте офлайн.

fb2.zip txt txt.zip rtf.zip a4.pdf a6.pdf mobi.prc epub ios.epub fb3