Фарз меже юьлуш лелийначу хица нажас д1аяккха мегаш дац.
4-НАЖАС ХИ
Нажас хи иза шена чу йоьжначу нажасо11 хин бос я чам я хьожа хийцина хи ду, иза дукха далахь я къезиг далахь башхалла яц. Иштта башхалла яц, цу нажасац хин бос а, чам а, хьожа а хийцаелча я царех12 цхьаъ я шиъ я кхоий хийцаелча а. Хин басах, чомах, хьожах муьлха цхьаъ нажасац хийцалахь и хи нажас хи ду, иза к1езиг далахь а я дукха далахь а. Нажас хи цхьанни х1умангахь лело мегар дац.
Амма ц1ена хи чу нажас йоьжнехь, делахь а цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, ишттачу хин ши хьал ду:
1-Хи ши б1е (200) литр дацахь цунна чу нажас йоьжнехь и хи нажас ду, нажасо цу хин бос я чам я хьожа хийца ца хийцнехь а, х1унда аьлча ши б1е (200) литр доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.
Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.
2-Амма хи 200 литр я кхиъ сов далахь цу чу нажас йоьжнехь, цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, и хи ц1ена ду, 1ибадатехь лело мегар ду, х1унда аьлча дукха хи ду иза, нажасан дуьхьало йина, цунна т1ехь тоь́лу иза.
Нажасац бех делла хи ц1ан делла хуьлу, нагахь санна:
1-хица йолу нажас ша д1аялахь т1аьхьа х1ума ца юьсуш, нажасан чам а хьожа а бос а ца буьсуш хица.
2-я хин т1е дуккху хи доьттина хи ши б1е (200) литр бараме кхачахь, нажаси бос а чам а хьожа а ца юьсуш, т1аккха хи т1ох1ур хуьлу, нажас хи чохь гуш ялахь а.
Амма нажасац хийцаделлачу хина т1е латта я миска я уксус я кхи йолу муьлха х1ума тоьхча13 нажас къайла ялахь а хи ц1ан делла ца хуьлу, х1унда аьлча, цу х1умнаша нажас д1ацайоккху амма къайла йоккху, т1къа цара нажас къайлаяьккхича хи ц1анделла ца хуьлу.
Шина пхьег1а чохь ц1ена хи ду. Цершиннах цхьана пхег1ачу нажас йоьжна хи бехделла, амма муьлха пхег1а чу йоьжна ца хаа, бехделларг х1у хи ду ца хаа я ц1ен дерг х1у хи ду ца хаа. Х1ун дийра ду? Б1аьрса са долуш валахь цо хи цуьнан 1аламаташца толлура ду ц1ена дерг боьхачух схьакъасторхьам, т1аккха цу шина хих шена ц1ена хеттарг лелор ду ламаз оьцуш я луьйчуш.
Амма ши хи тиллича ц1ена хила мегарг къаста цалахь, шийи хи д1а1анора ду, т1аккха кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду14, цу темаца дина ламаз юха хица ламаз эцна доькхуш т1е дан ца деза.
Амма шина пхьег1а чохь долу боьхий ц1ений хи иэделларг б1аьрзе валахь, цо хи толлура ду цу шиннах ц1ена дерги боьха дерги къасторхьам. Цуьнга ц1ена хи боьхачух къасталахь, шена ц1ена ду аьлла билгалла даьлларг лелор ду. Амма цунна цершиннах ц1ена дерг билгалла ца далахь, цо и шиъ д1адуттура дац, б1аьрса са долчо бохург дийра ду цо.
Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь зезагах даьккхина хи ду, цершиннах ц1еннарг муьлхнаг ду, зезаган хи муьлхнаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Цершиннах ц1ена дерг муьлхнаг ду хьажархьам и талла ца толлуш, шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь, тема дийра ду.
Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь хьат1 ду, цершиннах ц1еннаг муьлханаг ду, хьат1 муьлханаг ду ца хаа, х1ун дан деза?
Шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду.
КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: НАЖАС хiуманаш
Шарий1атехь нажас лору х1уманаш дукха ю. Нажасах бусалба стаг ларвала везаш ву, цунах ц1анвала везаш ву. Къаьстина 1ибадат деш бусалба стега дег1а т1ехь я бедар т1ехь я 1ибадат до меттехь нажас хила йиш яц. Нажас т1ехь йолуш дина 1ибадат нийса лоруш дац шарий1атехь. Цундела, шарий1атехь нажас лору х1ума йовзар т1ехь ду х1ора кхииначу бусалба стагна а, зудчунна а.
ШАРИЙ1АТО ШЕХ ЛАРВАЛА Т1ЕДИЛЛИНА НАЖАСАШ:
1-АДАМИ ХЬАТ1, БОЬХАЛ
Адами хьат1 а, боьхал а нажас ю. Амма адами15 хи16 нажас дац, ц1ена ду, х1унда аьлча Дала сийлахь кхоьллинчу адамин бух болун дера иза. Амма и хи хьатт1ац иэделла далахь иза нажас ду.
Амма дийнати хи17 ц1ена ду. Ж1алинагий, хьакхинагий, цершиннах18 я цершин цхьаннах19 схьаяьллачуьн хи доцург, иза нажас ду.
Зудчун хьалхарчу бехке меттера йолу т1уналлах20 нажас ерг ю, йоцург а ю. Зуда нишкахь когаш т1е оьха хиича цуьнан хьалхарчу бехке меттера гучу йолу т1уьналла нажас яц. Амма стега бехке меттиг зудчун бехке метте чу кхочучу21 барамер ара йолу т1унал а нажас яц. Амма цулла дехьа йолчу меттера йолу т1уналла нажас ю.
Амма т1ехьарчу бехке меттера ара йолу т1уналла нажас ю.
2-ДИЙНАТИ22 ХЬАТ1 А, БОЬХАЛ А
Яа хьанал йолу а хьанал йоцу а муьлха дийнати хьат1 а, боьхал а нажас ю.
3-ХЬАЛА1АЬТТИНАРГ
Адамо хьера23 чуьра хьала1аьттинарг нажас ю, хьала1аьттинарг кхоллуш ма хиллар ялахь а я хийцаелла ялахь а. Амма некхара24 я легашкара хьала1аьттинаг нажас яц, х1унда аьлча хьера чу кхечна йоцун дера иза.
Муьлха дийнато хьала1аьттинарг а нажас ю.
4-МАЗЬЮ
Мазью иза к1айчу басахь йолуш, чекх са гуш юькъа йоцуш т1унал25 ю, шах1ват26 меттах даьлча бехке меттера йолуш ю иза. Иза нажас ю. Стагна а, зудчунна йолуш хуьлу иза. Иза т1екхетта меттиг цунах ц1ан ян еза. Мазью стагна а, зудчунна а йолуш хуьлу.
5-ВАДЬЮ
Вадью иза к1ай йолуш, юькъа т1унала27 ю, хьат1 телча йолуш хуьлу иза, могуш ца хилча йолу иза. Еза х1ума аййича а йолуш хуьлу иза. Стагна а, зудчунна а хуьлу иза. Иза нажас ю, д1аяккха езаш.
6-ОХЬ ДОЬДУ Ц1ИЙ
Охь доьду ц1ий нажас ду, адами ц1ий далахь а я дийнати ц1ий далахь а. Амма адами дег1а т1ехь чов хилла я сурх 1оьвдина ц1ий даьллехь, делахь а иза охь доьдуш доцуш гучу даьлла лаьтташ далахь, иза дита мегаш ду, Дала геч дина цунна, амма иза охь доьдуш далахь дита мегар дац, д1адаккха деза.
Амма кхечу адами ц1ий стагна т1екхетахь, иза къезиг далахь цунна геч дина, амма иза дукха далахь, т1аккха д1адаккха деза иза. Амма цо кхечун ц1и ша шена т1е тохахь, т1аккха цунна геч ца до иза к1езиг далахь а.
Амма ж1алий, хьакхий ц1и т1екхетахь иза дита мегар дац, иза мел къезиг далахь а, д1адаккха деза иза.
Амма урс хьаькхинчу дийнати до1ахки, 1онжари28 ц1ена ду, даа мегаш ду и шиъ ц1их кхолладелла далахь а.
Урс хьаькхан йиначу дийнати даь1ахкан а, жижиган а т1ехь долу ц1ий нажас дац.
7-НОТ1
Нот1 нажас ю.
8- ЧОЙНА Т1ЕРА ХИ, АХКАРГАН ХИ
Чойн т1ехь гуллуш долу хи а, ч1ор дагича я лазадича цунна бухахь гулло хи, я ахкарган бухах гулло хи ц1ена ду нагахь санна цуьнан хьожа яцахь. Амма цуьнан хожа ялахь, нажас хи ду иза.
9-КЪЕ ЕЛЛАРГ
Къе елларг, иза шарий1ато т1е ма диллар урс хьаькхина ца йинарг ю.
Къе елларг ериге нажас ю. Цуьнан чо а, мас а, т1арг1а а, цуьнан кийрахь йолу шура, цуьнан массо х1ума а нажас ю.
Амма делчу адами дег1 я цуьнан меже нажас яц, иза бусалба я кериста хиллехь а, стаг я зуда хиллехь а.
Къе белла ч1ара, къе делла ц1оз а хьанал ду, нажас ца лору и шиъ. Цундела, белла ч1ара карабахь, я делла ц1оз карадахь, и шиъ яа хьанал ю. Амма ч1ара жима балахь цхьауз кхаллар бен боцуш, цуьнан кийрахь дерг даа мегар ду. Амма ч1ара боккха балахь цхьауз кхалларца бериг д1акхаллур боцуш, т1аккха цуьнан кийрара нажас д1аяяккха еза.
Шен меже яьккхича шен охь 1енаш ц1ий доцург а нажас яц. Масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, къийзорг29, сегал30, стоьма юккъахь кхоллабелла н1ана, юучу х1уман юккъахь кхолбелла н1ана. Царех цхьаъ хичу йоьжна цу чохь елча хи бехцало.
Амма уьш хи чохь дукха ялахь, уьш елла ялахь, уьш бахьна долуш хи хийцаделлехь, т1аккха хи нажас ду. Хийца цаделлехь нажас дац.
Амма шен охь 1енаш ц1ий доцург елла йолуш хичу кхоьссича и хи нажас хуьлу, амма и хи 200 литр далахь, хи хийцаделла дацахь, т1аккха хи т1ох1у́р хуьлу.
10-ДИЙНА ЙОЛЧУ ДИЙНАТЕХ СХЬАЯЬЛЛАРГ
Дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла йолу муьлха меже нажас ю, х1унда аьлча иза къе елларг санна йолун дера. Пайхамаро, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнат дийна долуш цунах яьккхинарг къе елларг ю»31.