Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхина оршот дийнахь раби1ул-аввал бетта 13-г1а де долуш, 11-чу шарахь, (633-чу шеран 8-г1а июнь). Дуьненчохь цо яьккхина хан бетта шерашца3 63 шой 3 дей ду, малха шерашца4 61 шой 84 дей ду.
АЛЛАХ1 ЦХЬАЪ ВАРАН ДОШ
«Ашх1аду ал-ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у ла́ шарийка лах1у, лах1ул-мулку ва лах1ул-хьамду, юхьйи́ ва юмийту, ва х1ува хьайюн ла́ яму́ту, биядих1ил хойру ва х1ува 1ала́ кулли шай-ин къодийр»
Маь1на: Шеца накъост воцуш, Ша цхьаъ бен воцуш, Аллах1 ц1е йолу цхьаъ бен дела ца хиларна оьшалла до ас. Х1ума дуьйш-дендеш, беригге хастам а, паччахьалла а Цуьнгахь ду. Иза ц1къа а лийра воцуш дийна а ву. Деригге дика Цуьнан карахь ду, массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву Иза.
ИЙМАН Ц1АНДО ДОШ
«Алло́х1умма инни́ а1у́зу бика мин-ан-ушрика бика шайъан ва ана а1ламу, ва астаг1фирука лима́ ла́ а1ламу, иннака 1алла́мул г1ую́б»
Маь1на: Я Аллах1, Хьоьца ларло со, сайна хууш ас Хьоьца накъост варах. Сайна ца хууш долчунна а Хьоьга гечдар доьху ас. Боккъал а Хьо ву-кх Аллах1, къайленаш хууш.
КЪИНОШНА ГЕЧДАР ДЕХАР
Гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гучахь-къайлахь, хууш-ца хууш ас мел динчу къинна. Сайна хууш-ца хууш ас динчу къинна дохко ваьлла со. Сайгара мел яьллачу ледарлонна дохковаьлла со, кхин юха ца дан т1елаьцна, гечдар доьху ас Везачу Аллах1е. Боккъал а Хьо ву-кх, Аллах1, къайленаш хууш.
ТЕШАРАН ДОШ
Со теша: Аллах1ах, Цуьнан маликех, Цо диссийначу жайнех, элчанех, къематдийнах, кхелах, вон а, дика а кхел лекха волчу Аллах1ан хиларх, кхелхинчул т1аьхьа г1овторриг хиларах а.
АЛЛАХ1АНА Г1УЛЛАКХ ДАРАН ПАЙДА
Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.
И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:
«Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»
Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.
шоллаГ1А ДАКЪА: ХИШ
Шарий1атехь хи деъ кепара хуьлу:
Т1ох1у́р
Т1о́х1ир
Нажисун
Муста1мал
1-Т1ОХ1У́Р
Т1ох1у́р хи, иза Дала ша ма кхоллара долу хи ду цуьнан муьлха бос а, чам а балахь, муьлха хьожа а ялахь. Иза ша ц1ена ду, кхийолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. И хи бен 1ибадатехь5 лело магийна дац шарий1атехь, х1унда аьлча и хи ша ц1ена ду, кхи йолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. Цундела иза кхечу хих къасто хаа деза бусалба стагна.
Масала: Дог1ан хи, х1ордан хи, татолан хи, г1у чуьра хи, шовдан хи, луонах я шанах даьккхина хи, церан муьлха хьожа я чам я бос хилахь а. Иштта Дала кхоьллина долу муьлха хи 1ибадатан ц1ена ду, иза Дала ша ма кхоллара далахь.
Амма т1ох1у́р хи йовхо лаьттачу бовхачу махкахь, эчигах я ц1естах6 йолу пхьег1а чохь малхехь дохделла долуш леладар дика дац, х1унда аьлча, цунах ч1оьран лазар долун дера. Амма шел делча лело мегар ду иза.
2-Т1О́Х1ИР
Т1ох1у́р хи, иза Дала ша кхоьллинчу куьцера ц1еначу х1уманца хийцаделларг ду. Ц1ена хи ду иза, делахь а шех кхеттачу ц1еначу х1умано хийцина ду. Дала кхоьллина ц1ена хи шен куьцера д1адалар хуьлу, цунах кхеттачу ц1ена х1ума бахьна Дала ша кхоьллинчу басах я чомах я хьожах цхьаъ хийцадаларца. И хийцадалар шина кепара хуьлу цуьнан:
11аламан бахьанца7 хийцадалар.
2-Цхьам хийцар.
11аламан бахьанца хийцаделла хи:
Адамо я кхийолу чохь са долчу х1умано хийцина а доцуш, 1аламан бахьанца ша хийца делла хи ц1ена ду, т1ох1у́р ду иза, 1ибадатехь лело мегар ду.
Масала:
Дукха лаьттина шен хьожа хийцаелла я чам хийцабелла я бос хийцабелла хи, и хи т1ох́ур ду. И бохург, кху тайпа хи 1ибадатехь лело мегаш ду.
2-Шех муьлха латта эдаларца хийцаделла хи ц1ена ду. Латта хи чу ша доьжна далахь я цхьам кхоьссина далахь а башхалла яц, т1ох1у́р хи ду иза.
3-Шена чу г1аш легна, я хица хуьлучу буц я т1улг бахьана долуш хийцаделла хи т1ох1у́р ду.
4-Хи охь дог1уш цхьан метте кхаьчна, цу меттигаца хийцаделлехь, и хи ц1ена ду. Масала: Охь дог1у хи кибрит латтах хьакхаделла, кибрит хьожа йолуш далахь, и хи т1ох1у́р ду.
Я охь дог1у хи латтанах хьакхаделла хийцалахь, цу хино цу латтин бос схьаэцахь а и хи т1ох1у́р ду.
Иштта муьлха хи т1ох1у́р ду иза Дала ша ма кхоллар далахь хийцаделла а доцуш, я 1аламан бахьнаца хийцаделла далахь а.
1аламан бахьнаца хийцаделла х1ара хиш ламаз эца а, фарз я суннат лийча а, ц1ано я а, бедар йитта а, меттиг ц1ан я а, нажас д1аяккха а, муьлха 1ибадатехь а, муьлхачу х1умангахь а лело мегаш ду, х1унда аьлча, иза т1ох1у́р хи ду.
Амма 1аламан бахьнаца хийцаделла хи яах1умангахь леладар я и малар цунах могшална зе хиларх я ца хиларх доьзна ду. Зе хуьлуш далахь мегар дац, зе хуьлуш дацахь мегар ду.
2-Цхьам хийцина хи:
Т1ох1у́р ц1ена хи 1аламан бахьнаца хийцаделла доцуш, адам я кхи йолу са долу х1ума бахьан долуш хийцаделлехь, цунаха хи ала йиш йоцуш кхи цхьа х1ума хиллехь, т1аккха цу хинаха хи ца олу, цунах хилчу х1умане хьаьжина ц1е йоккху цунах. Иза 1ибадатехь лело мегар дац.
Масала: Чай, сок, чорп, жижган чорп, коктель, пепси-кола, лимонад, стоьми сок, квас, иштта хинах йина муьлха коча х1ума, ша яа я мала а ц1ена елахь а, 1ибадатехь лело мегар яц уьш, х1унда аьлча, адамо ша Дала кхоьллинчу шен суьртера хийцина уьш, 1аламан бахьанца хийцаелла а йоцуш.
Амма ц1ена долчу хи т1е ц1ена х1ума тоьхна цхьа жиммал бен хи хийца цаделлех, шех «хи» олучур д1ацадоккхуш кхи ц1е цунаха яккхал хийцина доцуш, т1аккха и хи ша ма хилар ц1ена хуьлу, 1ибадатехь лело мегаш ду, ц1енчу х1уманца жиммал иза хийцаделла далахь а. Иза 1ибадатехь лело мегар ду. Амма дукха хийцаделлехь, т1аккха т1ох1у́р ца хуьлу иза, т1о́х1ир хуьлу, т1аккха иза 1ибадатехь лело мегар дац.
Т1ох1у́ра хих кхи йолу шен чам, бос, хьож яйна йолу х1ума иэелча, цо т1ох1у́р хийцина гуш дацахь а, (х1унда аьлча цунах иеллачу х1уми бос, чам, хьож боцун дела) хьожура ву, нагахь санна хица иеллачу х1уми чам я хьож я бос балхьари цо хи хийцина хира далхьара, цунах деккъа хи ала йиш йоцуш, т1аккха и хи хийцаделла лору, 1ибадатехь лело мегар доцуш.
Амма хих кхеттачу ц1ена х1умано хи цхьа къезиг бен хийцина хир дацахь, т1аккха и хи 1ибадатан лело ц1ена ду.
3-МУСТА1МАЛ8
Фарз-ламаз оьцуш я фарз-лийчаран луьйчуш я нажас д1айоккхуш лелийна т1ох1у́р хи керла фарз-ламаз эца я фарз-лийчаран лийча я нажас д1аяккха мегар дац, х1унда аьлча т1ох1у́р долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах, х1унда аьлча иза фарз 1амалехь лелийна дера. Боьха дац иза, делахь а шеца ламаз эцале я фарз лийчале я нажас д1аяккхли ма хиллар ц1ена хи дац иза, х1унда аьлча фарзан ц1анонгахь лелийна дера, вуьшта а меже ц1ан еш цуьнан къинош д1аэцна цо шеца. Цундела, т1о́х1ур долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах.
Амма ламаз оьцуш шозлаг1а я кхозлаг1а меже юьлуш лелина хи, я суннат лийчаран лелина хи цуьнца фарз-ламаз эца а, фарз-лийчар т1ера даккха а мегаш ду, х1унда аьлча, фарзан меже ца йилина цу хица суннатан меже йилина, цундела фарзан меже юьлуш9 лелийна хи суннат я фарз долу х1умангахь лело мегаш дац, амма суннат долу х1умангахь10 лелийна хи фарз меже я суннат-меже юьлуш лело мега.
Амма Ламаз оьцуш я луьйчуш волчо хи куьйгаца пхьег1ан чуьра схьаоьцуш далахь, хи схьаэца дагахь волуш пхьег1а чу куьг 1оттахь хи ц1ена ду. Амма хи чу куьг 1уттуш хи схьаэцар дагахь доцуш куьг дилар дагахь хиллехь, т1аккха хи леладина хуьлу, кхин фарз-меже йила мегаш ца хуьлу цу хица, амма суннат меже. Цу т1ехь тидаме хила веза пхьег1а чуьра хица ламаз оьцуш я луьйчуш верг. Х1ара ду нагахь санна куьг чу 1утту хи 200 литр дацахь. Амма 200 литр далахь, куьг дила ниятац цу 200 литр йолчу хи чу 1оьттича х1умма дац.