Хаджимурадов Вахит - Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар стр 8.

Шрифт
Фон

 Ванах, ахьа хьо Гихта центре ван лууш ву ца элира?  т1евог1авелира жимчу стагана шоп1ар.

 Сан г1уллакх-м чекхдели,  дуьхьала реза вацар гайтира жимчу стага а.

 Ой, и х1ун г1уллакх дара?  кхин а ч1ог1а цецвелира шоп1ар.

 Оццул сайна бале яьлла х1ара гиххойн центр х1инца а лаьтташ юй хьажа дагадеинера суна-м,  шек воцуш жоп делира Валаргт1ерчу жимчу стага.


Педсоветехь.

Гуттар а сихвелла хьехархошна т1е1аткъам беш дош олуш воллура ишколан директор. Ц1еххьана хьехархошна юкъкъехь, хан иккхина волчу ОБЖ-н хьехархочун телефонан горгли бийкира саца а ца туьгуш.

 Ой, и телефон педсоветехь д1аяйан мегаш ма яра!  резавоцуш хьаьжаюккъе шед бира директора.

 Ц1ийнан нана!.. Ц1ера етташ ю!  классан чуьра аратилира ОБЖ-н хьехархо, телефон цхьана минотана а лергара д1аяккха ца ваьхьаш.

 А-а-а, ц1ера етташ елахь-м ц1е яьлла г1уллакх ду иза,  шен хьехархочух дика кхеташ корта ластийра директора.


1абазан рицкъа.

 Хьо х1ун деш 1уьллу кху чохь вижина, боьрша цициг санна!  т1ех1оьттира хьаьрччина вижина 1уьллучу 1аббазана, балхара вог1уш чух1оьттина лулахо.

 Д1авала, ма г1ерта сунна новкъа. Сайна Дала делачу рицкъане хьоьжуш 1уьллу со,  жоп делира 1абаза.

 И х1ун рицкъа ду? Болх ца бича х1ун рицкъане сатуьйсу ахьа?  хаьттира лулахочо.

Ваша оценка очень важна

0
Шрифт
Фон

Помогите Вашим друзьям узнать о библиотеке

Скачать книгу

Если нет возможности читать онлайн, скачайте книгу файлом для электронной книжки и читайте офлайн.

fb2.zip txt txt.zip rtf.zip a4.pdf a6.pdf mobi.prc epub ios.epub fb3