Д1атуьйхира 1алавдис цхьана ишколе телпо-з1е:
Шун да хьакхийца аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!
Яьккхина-а-а! Яьккхина-а-а-а!!! хезира дуьхьала, дахделла, дуткъаделла, к1адделла аз.
Д1атуьйхира 1алавдис кхин цхьана ишколе а телпо-з1е:
Шун да а, ден ваша а!!!.. Аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!!!
Ва, 1алавди-и-и, яьккхина, яьккхина, селхана дуьйна аьлча а, 1уьйрана аьлча а, суьйрана
Д1атуьйхира 1алавдис телпо-з1е кхин цхьана ишколе а:
Шун да а, ден ваша а, цуьна вешин ваша а!!! Хьакха юуш!!! дов дира цо. -Тестийн отчет чу х1унда ца яьккхина аша, Делан мостаг1ий! олуш х1инцалерачу нохчийн хьаькимийн озаца т1ечевхира Дешаран урхаллин Истарши испециалист.
Делахь ца хаьаа суна-м ахьа х1ун отчет юьйцу, ша х1окху цхьана вехаш волчу стагана динчу ц1ено чохь айса еш йолчу иштукатуркех лаьцна ца язъяхь и отчет, жоп делира аз доьхначу иштукатуршиц-зудчо.
Телпо-з1е харцахьа кхеттачух тера дара 1алавдин х1инца-м.
Истарши испециалист Шема. (Шема Йинчу денца декъала йеш)
Йина де ду, аьлла совг1аташ дира истарши испециалистана Шемина ДУ (дешаран урхаллехь) мел волчу воккхачу, кегийрачу, лакхарчу, лахарчу испециалисташа. Мел к1езига а, цхьа машен йоьттина хир йолуш совг1атана х1ума вовшаха кхеттера Шемин.
Х1усамда, Эстамаран к1ента, к1ентан к1анта, машенахь т1аьхьа а веъна д1а йиган карах ца долуш, итт туьма а лой такси кхойкхура Шемина даима а. Цундела, Шемица цхьаьна болх беш волчу гергарчу Воккхачу стага, кест-кестта шеца ц1а д1акхетайора истарши испециалист.
Тахана а хаьттира Воккхачу стага:
Шема, со ц1а воьдуш ву, хьо д1акхетайой шун ц1а? аьлла.
Дера ца кхетайо тахана-м Эстамиров едет! кур-ра жоп делира истарши испециалистас Шемас.
Суна-м хаара, шена д1аяхьа х1ума хилча, и шун Эстамиров хьо д1айига машенахь вог1ур вуй! элира Воккхачу стага.
21 февраль 2019 шо.
К1едачийн де (День ленивых)
Цхьана воккхачу стеган хилла ч1ог1а к1еда, карх ца долуш зуда. Ша деш долу г1уллакх (нагахь дагадеъча) дина ца йолуш, д1айолалуш, схьайолалуш, соцуш «Ванах, со х1ун деш ю-ю! Со мила яра-а! Аса х1ун леладо-о!» бохуш санна лаьтташ, ц1енкъа юккъе д1а а хуттий.
26 чиллан беттан де «К1едачийн де!» аьлла д1акхайкхиний хиира зудчунна телевизорна чухула.
Хьажал, стаг, ахьа бохура со к1еда стаг ю, сан г1уллакх дан карах ца долу! Тахана шадерг дуьне а ду К1едачийн де даздеш! Гой хьуна! т1ехтуьйхира зудчо.
Неха-м шарахь цхьа де хир дара и «К1едачийн де», хьуна-м х1ора де а ду и, элира воккхачу стага.
2019 шеран чиллан беттан 26 де.
Маккин алапа
ДУ (дешаран урхаллехь) лакхара классан испециалист йолучуьра хьалхарчу классан испециалист, аьлла зарплата т1е ца тоха керла ц1е а елла, лелаш йолчу Макка шен миска зарплата схьа ца луш гуттар а карточкана т1е даьлла смс лара еш хуьлура.
Эх1, зарплата т1е даьлла-кх вайна! Хьоьгара кхаъана 50% хьан зарплата дог1у суна, аьлла хаза хитира цунна шен телпо т1е хаьжича, уллохь 1аш волчу ша санна миска испециалистана кхаъ а баьккхира цо.
Ой, соьга а ца боккхуш, хьаькиман г1оьнча волчу Ахьмаде баккха безаш ма хиллера ахьа и кхаъ! жоп делира вукхо.
Х1унда? цец яьллера Макка, шена 50% хир яц аьлла тарделла.
Цуьнан зарплата 40 эзар ду, сайниг-м 17 бен дац. Цунна бу-кх и боккъал а кхаъ!
Макка электроэнергин коьртаниг.
ДУ (дешаран урхаллин) хьалхарчу классан испециалист Макка электроэнергин урхаллин белхалочуьнга маре яхар нисделира. Цхьаъ испециалист марехь яра хин урхаллин белхалочуьнгахь. Ши йо1 хьовзайора белхалоша хи д1адаьлча а, электричество д1а яьлча а: вайн невце телпо тоха еза, олий.
Цхьана дийнахь свет д1айоккхуш, схьайоийтуш, д1айоккхуш, схьайоийтуш, компьютераш болх бан ца юьтуш лаьттира.
Макка, и вайн нуц тахана-м кеп йина ву моьтту суна, элира цхьана белхалочо.
Ахьмадас телефон тохар.
Со улло т1е вахача а лаьтташ хилар телпо етташ.
Алло!
Хьо хьаьнга етташ ву телпо?
Хьоьга етташ ву-кх.
Делахь, алло! лерга лецира телпо.
1уьйрана балха т1аьхьадуьсуш
Мачаш х1унда ца ц1анйина ахьа? реза вацара майра.
Мачаш ц1анйича, хьо д1а г1ура ву машенахь, соьга а ца хьоьжуш!
Учиталийн чоь.
Х1окху учиталски кабинетана чохь меттиг шоръелча санна ма хета суна. Х1окху чуьра цхьа, шиъ истол араяьккхина моьтту суна? ца кхеташ хьоьжура воккха стаг чухула д1а-схьа.
Деллахь ца яьккхина кху чуьра-м цхьа а стол ара. Эццига техничкас горгам а хьаькхина цхьажимма чан д1а яьккхин-кх! кхетийра воккха стаг математикан хьехархочо Хьавас.
Воккха стеган кхаж.
Ишколан столови чохь истолана гонаха хевшина 1аш иттех хьехархо-зударий бара. Столови чу веъира хьехархо-воккха стаг, чайн истака малан дагахь. Зударшна юккъера дирекхторан г1оьнча а йолуш, г1иллакхен жимчу зудчо Фатимас сиха воккхачу стагана чайна истака доьттира:
Х1окху зударшна юккъе ца хааво аса хьо, кхаж баларна кхерам бу хьуна, элира воккхачу стаге жимчу зудчо.
Цхьа-шиъ кхаж баьлча а новкъа-м бацара, ша-шега олуш санна элира воккхачу стага.
Вон зуда.
Чохь г1уллакхаш дан а ца хаа хьуна! Вон зуда ю хьо, хьо д1а а яхийтина, кхинарг ялон еза! дов дора воккхачу стага шен зудчунна.
Ва, стаг, со х1унда ю вон! Молуш а яц, узуш а яц! бехказа юьйлура зуда.
Разита.
Курсийн куьйгалхо Разита реза йацара, хьехархоша шера ца аларна:
«Иштта» а олуш, майрра ала дош!
Разита, «дуй хьуна!» ала ца мега!
2021 шо.
1ашхой-мартанхочун забар.
Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.
Валарг ю-кх, жоп делла валаргхочо.
Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа, бегаш бина катархочо.
Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан, жоп делла валаргхочо.
Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана? хаьттина катархочо.
Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх, жоп делла валаргхочо.
Валаргхойн забар.
Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг, хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.
Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву! жоп делира жимхас.
«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна» ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:
Хьажахь, яларгхо, иштта ц1е йолу урам стенгахь бу хаьий хьуна?
Ой, со х1унда ю яларг! реза йоцуш яппарш йира зудчо.
Ца хаьа делахь суна-м, и д1о воьдург валаргхо хилчи, хьо яларгхо ца хуьлу? цецвелира юьртара воцу хьаша.
Пису-Мохьмадан жижиг-галнаш
Цхьамма-м пис-Мохьмад ца алархьама Пису-Мохьмад олуш керла ц1е кхьоьллина цхьана мартанхочунна.
Цхьана суьйрана лулхо чувог1уш хаавеллачу Пису-Мохьмадас, х1усамнанас х1инцца дина схьадаьхна жижг-галнаш, дехьачохь хьулдина. Хьулдар х1ун пайда бу, жижг-галнаш муха гена чомехь хьожакхеташ ду ма хаьий вайна-м. Лулахочунна хьалха-м Мохьмадан х1усамнанас стомарлера сискалан ах а, мустбелла шолг1а к1ира а долу морзберам а х1оттийна.
Жимма 1ийна лулахо д1авахан тохавелича Пису-Мохьмада бехказа-волун кеп х1оттийна:
Деллахь, хьенех, бехк ма биллалахь хьо ледара т1еэцарна, юучух херделла тхо т1ехьарчу хенахь. И сискал, морзберам мерза хилла-м хира бац, аьлла.
Делахь, Пису-Мохьмад, дара уьш-м ша х1инцца схьадаьллачу жижг-галнийн хьожа а йог1уш! жоп делла лулахочо.
Мумадан кибарчиг.
Пеш юттуш воллуш Махьмудан цхьа ц1ен кибарчиг т1е ца тоьина. Шен кертахь лахарх кхин ц1ен кибарчиг ца карийна цунна. Лулахь кестта ц1ен кибарчигах ц1а а доьттина 1аш волчу Мумадан керта кхайкхина Махьмуд
Х1ун боху, аьлла дуьхьала ц1ачура араваьлла Мумад.
Деллахь, Мумад, цхьа еттана кибарчиг ма оьшура суна, пешана йилла ца тоьи сан, дехар дина Махьмуда.