Хаджимурадов Вахит - Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар стр 5.

Шрифт
Фон

«Шайна делла хьекъал ги а доьллина», бухахьа долчу хьекъалах и д1а ца ийбийта г1ерташ, шайн ишколе ц1ехьа баха арабевлира учиталаш.

Амма цхьа хьехархо шен г1уллакх доцу дош ала г1оьртира:

 Хьажийша, допобразованин лерамен белхалой! Аша оцу шина сохьтехь дийцина Интернет чуьра, хьекъален хьехараш, т1едиллараш, шаьш тхоьга кхочушдайта электронни почте чухула схьатосучу ханахь, школе д1акхаьчначу хенахь, и муьлхачу школера белхалочо кхочушдан деза билгала даккхийша, шайн аьтто белахь!

 Цо х1ун г1ундалг1аш, къухаш дуьйцу!  цецйелара дирехтар ю бохуш ериг. Хьайн истатусе хьаьжа цкъа хьалха! Со бежана 1у ю-м ца моьтту хьуна, иштта соьца къамел дан! Д1айала кхузара! Йало хьайн бежнаш дажаде аьлча а, хьайн бераш 1амаде, тхо 1амон а ца г1ерташ!

Дирехтарна мичара хаьара, шен «1овдалаша» эцца Интернет чуьра схьа а даьккхина, ишколан хьехархошна «1амош» дериг, ишколан дирехтаро муьлхачу учиталана коча дуллура ду, кхочуш де, аьлла!

Хьехархо-м куьйг а ластийна д1айахара.

Шуьйрачу доп-п1уп1-организацин кет1ахьа латта йисира: 15 эзар зарплата долу бухгалтер а, шен масех милион доьхучу «Лэнд-крузерана» уллохь, буьрса дирехтар а  шен эхь-бехкаца, Далла дуьхьала яхан езаш, цкъа мацца а!


Розех лаьцна дош, кхин цкъа а.

Ишколан йоккхачу уьйченахь юккъе а х1оьттина лаьтташ вара цхьа учитал воккха стаг. Оцу хенахь оцу йоккхачу уьйчена горгам хьакха араяьлла яра техничка Роза. Ойланаша лаьцна волу Воккха стаг уьйчена юккъера д1а ца волура, Роза тергал д1а а ца йора. Го тийсина, тийсина, Розас кхин г1уллакх хириг а ца хилла, ластийна Воккхачу стеган когаха боьха горгам т1ехь кхозуш йолу швабра ялийтира:

 Эх! бехк ма биллалахь,  оьккхийтуш.

 Х1умма а дац, Роза, аса-м ловр ю хьуна и ахьа тоьхна швабра!  шен ойланийн йийсарера велира Воккха стаг.

 Деллахьа, т1етухура йолуш Роза а ма ю хьуна, лахь а, ца лахь а!  эккхийтира, йистехьо лаьтташ волчу ишколана икатешника Рамзанас.


Казбекас ахча д1адалар

 Со хьайн дирехтор, лара х1унда ца лору ахьа? Т1аьхьа а висина ма веъна хьо балха тахана а!  дов дира ишколан керла х1оттийначу директора Арбетас, завхоз болх беш волчу Казбекана.

 Ой, со Ачхой-Мартане светах, газах, хинах ахча д1адала ма ваханера!  бехказа велира Казбек.

 Вай, аса светах, газах хьоьга ахча д1ало бутт хьалха ма элира,  цецйелира ишколан дирехтор.


Шабашкера ц1абог1у «молланаш». 1умарин дийцар.

Сибрехара шабашка чекхяьлча «нохчийн поездаш» бара ц1ехьа г1ерташ. Дехьа, сехьара купейшна чуьра, вагонаш чуьра а схьагулбелла зударий бара цхьана купейна улло гулбелла ладуг1уш. 1аламат ч1ог1а хаза назма яра оцу купейначуьра схьахезаш. Зударша б1аьргана йисте хьокхура йовлакхан маь1иг, дукха назмо дог дашадина.

Эххар а назма д1атийра, «занкъ!» аьлла схьаеллаелира купейна не1. Зударий чухьаьжича гучуелира стол. Т1ехь лаьттиш «Жигулевское» пиво а дара, дика т1екхалла х1ума а яра.


Техничкин Розин сардамаш

 Сардам болла а ца хаъа суна, ШЕН ДАГТ1Е МЕЛ БОЬДУ ПХА БАКЪАБОЙЛА ЦУЬНА,  бохура Розас.

                 

 Оцу мечакана т1е х1уьттуш бу х1орш шаберш, ЦУЬНАН КАШ ЧУ БИЙШАР ЛОЙЛА Х1ОКХАРНА МАССАРНА А!  бохура Розас даггара.


1усаман бегаш.

 Х1ан, х1инца со д1авоьдуш ву-кх!  кхаъ баьккхира 1умарас.

 Стенга воьду хьо?  хаьттира 1усамас.

 И дуьйцуш дац,  дийца реза ца хилира 1умар.

 Т1аккха делахь, г1ундалг1аш т1е йовлалца собар де,  хьехам бира 1усамас.

 Аса х1унда до собар, г1ундалг1аш т1е йовлалца?  хаьттира 1умарас.

 Г1ундалг1ашна юккъехула хьо д1а мича вахана хуура ду-кх!  хьоьхура 1усамас.


Йоккха стаг  пенсионер.

Тхан ишколехь болх беш йара цхьа йоккха стаг пенсионер. Шаболу пенсионераш, гирз даьлла маймалаш санна, ишколера балхара д1абохуш бара. Амма йоккха стаг балхара д1а ца йаьккхинера, х1окхо шен хеннахь директорна ивзятка а елла  «Хьакъйолу хьехархо», аьлла ц1е йаьккхинера шена. К1ентаций, кхоалг1а-йоьалг1а йалийна йолучу к1ентан зудчуьнций 1аш йара йоккха стаг. К1анта-м вон вацара х1окхуьна  мала а мелла, айбина ша чу вохьуш, х1окхунна б1аьргаш къарзадора-кх цо.

Х1инцалерачу ишколехь баккхийра хийцамаш хилла, компьютерца гергало лелон дезаш хуьлу, цундела йоккхачу стеган, и компьютер гича кхин самукъа а ца долу.

Иштта цхьана дийнахь, компьютерца тасаделла къамел девне даьлла йоллуш йара и. Хиллане а компьютерца машар ца хилча, йоккхачу стага элира:

 Валлай, х1окху ишколера д1а а яьлла д1аг1ура яра со, и ц1ераниш ган ца безахьара!


Воккхачу стеган зудчуьна паспорт хийцар.

Цхьана воккхачу стеган зуда яхана хиллера т1аьххьара хуьйцуш долу паспорт хийца.

 Хийцан хьан паспорт?  хаьттина воккхачу стага зудче и ц1а еъча.

 Хийцина дера паспортана т1е тоьхна сурт хаза-м ца даьлла сан,  реза яцара зуда.

 Ой! Хьайн 15 шо кхаьчча даккхийта дезаш ма хиллера ахьа и сурт,  хьехар дора Воккхачу стага.

15.01.2019 шо.


ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ.

Дешаран урхаллера ши испециалист кампеташ эца туькана йоьдуш яра.

Кхоалг1аниг наб озийна ч1енги к1ела буй а г1ортийна 1аш яра.

 Хьо йог1ий туькана?  хаьттира кампеташ эца йоьдучу шимма.

 Ца йог1у, со иштта а хаза ю,  жоп делира набарх яланза йолучо.


Керла телпо-з1е.

Керла телпо а эцна, цунна т1ехь болх бан ца 1емаш воллура цхьа Дешаран урхаллин испециалист.

 Ваццап юй хьан?  хаьттира уллохула т1ех волучу цхьана воккхачу стага.

 Ю дера са-м ваццап а ю, «Приора» а ю сан-м,  жоп делира хьекъален корт.


Г1алара еъна хьаша.

«Ц1ОКО» (ц1ентр оценка качеств образовани) олуш йолчу леккхарчу организацера т1ехьажа еъначу цхьана мечикна улло а ваьлла вог1ура ДУ испециалист цхьа воккха стаг готтачу уьйчахула. Воккхачу стага шена хьалхара не1 схьа а йоьллий, ша хьалха не1арах чоьхьа йолийтуш хилар тайнера мечикна.

 Ой, х1окху Нохчийчу еъчахьана, хьо воцург, не1 а йоьллуш, со хьалха чоьхьа йолийтуш боьрша стаг ца вели-кх суна,  къежара мечик.  И шун г1иллакх ду иштта акха, шайн зударий т1аьхьа а бохий, лелар, ширчу заманахь санна? Ахьа со-м ма йолийту хьайна хьалха чу, не1 схьа а йоьллуш,  хоьттура цо.

 Тхайн зударий хьалха чу ца бовлийтар, акха хилар дац тхан,  мечик кхетон г1ертара воккха стаг.

 Ткъа х1ун ду и, акхалла бен,  къар ца лора мечик.

 Зуда хьалха чоьхьа яьлча, цунна коьртаха х1ума ца тохийта, тхаьш хьалха чоьхьа довла тхо,  кхетийра эххар а воккхачу стага лаккхара хьаша.

21 январь 2019 г.


Шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш волу испециалист Мохьмад

Малх делкъана хьала баьлла соцунг1а хилла лаьттачу хенахь, ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ а, цаспециалисташ а, шайн белхан ц1е дукха хенахь йицъелларш а, кехаташ д1акегош, схьакегош т1аккха вукху аг1ора кегош балхана хаъъал ницкъа бан г1ерташ бохкура.

Кехатийн эрна бечу балхо б1арзвина, луларчу кабнетана чу, «шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш верг»  аьлла лаккхара ц1е йолчу Мохьмад волчу, веъира воккха стаг, ДУ-хь (дешаран урхаллехь) къар велла кочура ца волуш висина пенсионер.

«Лулахочо» бийцира, бийцира шен бала, кхин цкъа а, кхин цкъа а:

 Х1ара кехат гой хьуна? Х1окху кехатана т1ехь бан беза болх къематан де ду-кх!..

 Х1ара кехат гой хьуна? Х1окхунна т1ехь хьега дезаш долу къа, дийцина а вер вац, х1ара а, х1ара а, кхин х1оккхула а къахьеган деза-кх!!!

 Х1ара кехат гой хьуна?..

 Ткъа х1ара кехат!

 Ткъа х1ара!!!

Воккха стаг корта лестош а лаьттина, ара валан вуха д1аволавелира, лесточура корта а ца сацош. Не1аран саг1ехь сецина г1ийла вуха хьаьжира и:

 Со-м сайн оцу кехатийн (бюрократийн) бала балхон веънера хьо волчу.

 Ой, собар де ткъа, бийца хьайн бала, дош олуш ахьа нахе бийцича, бала а жимма лахло хьуна.

 И бала-м ахьа суна айхьа бийци,  олуш д1авахара воккха стаг.

20.02.2019шо.


Истарши испециалист 1алавди.

ДУ (Дешаран урхалла) истарши испециалист 1алавди вара, х1ора дийнахь «Ц1ОКО-но» (ц1ентр оценка качеств образовани) дешархошна а, хьехархошна а х1уьттарена ишколашна еллачу тестийн отчет, ишколаша «ЦIОКО-н» Интернет-сайтана т1е яьккхиний хьожуш, 1уьналла деш.

Ваша оценка очень важна

0
Шрифт
Фон

Помогите Вашим друзьям узнать о библиотеке

Скачать книгу

Если нет возможности читать онлайн, скачайте книгу файлом для электронной книжки и читайте офлайн.

fb2.zip txt txt.zip rtf.zip a4.pdf a6.pdf mobi.prc epub ios.epub fb3