Уьш бара суьйранна ц1а боьрзуш болу иччархой а, таллархой а. Цкъа дагадеира Чонгина, мохь а аьлла, царна дуьхьала хьада. Амма, эхь хетта, сецира. Цаьрга а ца хоттуш, т1аьхьа ма деънера Чонга царна. Иччархой д1а а бахийтина, царна т1аьхьа г1оьртира иза.
Чонгин къена дада вара, сарралц шен к1ант ца карийча, сагатделла араваьлла. Амма иччархой а, таллархой а ц1а бирзинера. Жима Чонга дацара цхьанхьа а гуш. Эххар а, туьйлиган кевнаш д1акъовла герга долчу хенахь гучуделира Чонга а. Инзаре боккха к1ан буьртиг бара цо беънарг, массо а зингаташ цецдохуш. Цуьнан къена дада довдан дагахь хиллера, ткъа цунна хари чохь карийначу к1ах дериг хиъча, кхечу иччархоша иза хестош а хезича, шен к1антах дозалла деш, жимма «г1ам-г1им» а дина, сецира дада. Цу дийнахь дуьйна Чонгех бакъдолу иччархо-зингат хилира.
2005г.
Бумбарин мотт. Нохчийн къомана дийцар.
Доккхачу дуьненахь текхаргийн тоба
Уггаре коьртинаг хила езаш ю!
Коьртаниг и малх бац! Коьртаниг бода!
Дуьненчохь ас адмийн х1у дойъур ду!
Адмашна х1оранна, це (церг) тухуш чехка,
Д1овш тухуш адмашна чекх ер ю со!
Со паччахь! Со буьрса ц1оган т1ехь техка!
Ларлолаш, диэгадеш, адмийн х1у сох!
Иштта и кура хабарш, къамелаш дора
Бос къорзачу лаьхьано, кхерабеш нах.
Шен д1аьвшан ондда ницкъ лаьхьанна-м гуора,
Адмашка кхаьчнера т1аьххьара сахьт.
Шахьарш а йохаеш, йохаеш ярташ,
Текхаргаш юьйлира д1адетта д1овш!
Адмашна юккъера д1аяйра марзо,
Цу адмийн х1у дара д1адаьлла довш.
Маржа я1! Сан делара и шуьйра т1емаш,
Сихонца карор бара цу адмийн бен.
Ас, текхаш, хан йойъу, ас бо-кха хьемаш,
Ца кхуьу, сихо еш, даржадан зиэ!
Со текхна балале, сеттина ца болуш,
Шина когахь и адмаш сихонца дов.
Хьажий со цу гена, дитта т1е йоулуш,
Бос къорза и текхарг луьйш яра, тов!
Хьаьвзина елира и буьрса текхарг
Доккхачу талла т1е, д1алоцуш бохь.
Хьажийра гуонаха горга б1аьрг диэхьа,
Хьажийра сехьа а ира б1аьрг цо!
Гуонаха мел ч1ог1а къерзорах б1аьргаш,
Кхорзачунна ца гора и адмийн х1у.
Гуонаха техкара и лекха хьаннаш,
Даръелла йоьссира и текхарг чу.
Оцу хенахь диттан бух ша охкуш яра,
Мотт шера бумбари, йиша лоькхуш шен.
Ницкъале ши т1ам а айбина бара,
Х1аваэ йолуш шен цабархьама хьем.
Цунна-ма ца хаьара шена т1ехула кхозуш
Дуьненна даръелла и текхарг юй.
Горга б1аьрг ц1аьххьана сецира, хьожуш,
Багара шина матта туьйхира суй:
Б1арзъелла со лелаш, ахьа эшарш лоькху,
Ахь со ца лору-те, ца до-те сий?
Сан мерк1ела х1оьттина ахь ц1ог1а хьоькху,
Дуьненна т1ейиллина со-м паччахь яй!
Бумбарин сецира и зевне эшар,
Сецира сихонца и шера мотт.
Ша кхалла кечъелла и текхарг гича,
Иэгаеш, бумбарин деттало дог.
Къорзаниг реза ю, ша лоруш гина,
Шех кхоьруш массо а текхаргана го.
Оцу жимчу шен коьртаца ойла а йина,
Лаьхьанин паччахьо омра ма до:
Ладог1ал ахь соьга, лергаш дай сема,
Ладог1ал ахь соьга, ва 1аьржа лай!
Адмашца ас бечу цу луьрчу т1еман
Г1о лоцуш, болх бе ахь т1емашца хьайн!
Т1ам чехка бумбари, хьо г1олахь сиха,
Шахьаршкахь лахалахь, толлуш и лам!
Лаьмнашкахь, аренгахь хьажалахь дика,
Дуьненчохь стенгахь ду и адмийн къам!
Бийцалахь некъ суна цу адмийн уьйт1а,
Ас т1аккха кхоллур яц, юур яц хьо!
Деха де ца лоруш, ца лоруш буьйса.
Са хьайна дезахь ткъа, сиха баккха го!
1ад уозош, кхоьссина пха санна, маса
Бумбари хьаьдира стиглане ирх.
Теллира дуьненчохь адмаш 1ен аса,
Къизаллин аьтто беш, тесира зирх.
Бохь лекхачу цу лаьмнийн теллира ирхеш,
Йист йоцу аренаш юьстира цо!
Де-буьйса ва доцуш, ша-шен а сихъеш,
Баьккхира бумбарийс дуьненна го.
Сийначу цу стиглахь, мархашца къуьйсуш,
Бумбари йог1ура текхаргана т1е.
Къорзачунна кестта цо, сихоеш, дуьйцур,
Стенгахь ю цу адамийн кхерчахь и ц1е.
Эххар а ямартачу бумбарех кхийти
Т1ам 1аьржа ч1ег1ардиг, стигланаш зуьйш.
Ч1ег1ардиго шен некъ а ловзарца хийци,
Бумбарина уллохьа мархашца уьйш:
Бумбари! Бумбари! Хьо стенга йоьду,
Ц1е яьлча ва санна, лестабеш т1ам?
Хьо стенга сихъелла, дийцахьа соьга,
Хаьттира чег1ардигс, беш кхунна там.
Бумбарис цу хенахь буьйцура шерра,
Ямартло йоцуш болу шен ненан мотт.
Г1иллакхехь ч1ег1ардиго хаттарах терра,
Бумбарис делира хаттарна жоп:
Бос къорза текхарг ю адмашна дера,
Д1овшаца х1аллакбан кийча ю уьш.
Ер-яккхар ва дуьйцуш кхерийна, ц1ера
Яьккхина къорзачо со а ю-кха гуш.