Хаджимурадов Вахит - Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар стр 6.

Книгу можно купить на ЛитРес.
Всего за 60 руб. Купить полную версию
Шрифт
Фон

 Урокана т1аьхьадисина шу. Т1аьхьавуьсург ларвеш лаьтташ Иван Архипович ву шуна цигахь,  ахвухавирзина олуш со сайн новкъа д1авахара.

И шиъ уроке сихделира. 1умар-м шен къамел ца сацош векаш вара, амма цхьана х1аваэхула хаа-м делира сан хьекъална, йо1 к1ентан самукъане дийцарах кхин къежаш ца хилар.

Со меллаша волавелла эвлаюккъерчу йоккхачу майдане кхечира. Жимма волавелла а лелла туькнашкахула чекх а ваьлла со вуха а майдане кхечира. Оцу хенахь майданехула схьавог1уш тхайн лулахо хаавелира суна. Со хьулвалан вуьйлира, амма ца кхиира.

 Сайд1али, хьо ишколехь вац?  хаьттира цо соьга геннара.

Вах1ид ц1е а йолуш, почтехь болх беш, шена тоъал делахь а, кхин эх1-аьлла генадаьлла хьекъал а доцуш г1еметтах1оьттина жимочу дег1ехь векъана стаг вара и.

Бегаш беш, беламена стаг 1ехор, хьовзор-м ша ду, амма аьшпаш ца боттан х1уъу а дийр долуш вара со.

 Дера, лулахо, со-м ишколера иэккхавина!  дере дира аса.

Амма Вах1ид шен аг1ора кхийтира аса аьллачух. Цунна тарделла хиллера со ишколера д1аваьккхина.

 Муха иэккхийна? Зийнина хаьий хьо ишколера д1аваьккханий?  хаьттира цо сол а ч1ог1а догдоьхна.

Со ц1аьххьана кхийтира, Вах1ид оцу Везчу Дала сан миска ц1ока к1елхьараяккха суна ваийтина хиларх.

 Вах1ид,  дехаран т1ег1ана т1е а волуш лулахочуна коча вахара со. Хьо суна орцах ца валахь, воккхура волуш-м ву со ишколера д1а а! Х1инца а т1аьхьа дац-кх!  дийхира аса лулахочунга.

Амма Вах1ид воьхна гуш велахь а, сох ца кхеташ шаверг а хаттаран хьаьрк а хилла соьга хьоьжуш лаьттара.

Со-м сих ца лора и кхетон, цуьнан кхин а жимма догдохош, к1аддеш.

 Вах1ид, хьо тхан ненан гергара стаг ма ву?  хаьттира аса.

 Ву, геннара тайпана..,  х1ун хилла, дийций валахь,  собар ца тоьура сан лулхочун.

 Хьо тхан гергара ву аьлла, х1инцца тхан классан куьйгалхочунна т1е ца ваг1ахь, соьга ишколана аьттехьа гучу ма вала аьлла-кх,  жим-жимма гучу йоккхура аса сайн къайле.

 Ткъа х1ун оьшу хьогара оцу классан куьйгалхочунна?  ца кхетара лулахо.

 И къена стаг ма ву. Ткъа къена нах уьш даима а цхьанна реза боцуш хуьлу. Цхьанна дов ца деш де чекхдаьлча, царнна буьйсана наб а ма ца кхета. Ткъа тхан воккхастаг-хьехархо-м дов дича а ца 1еба. Уллохь теш а волуш дов ца дича цунна-м минга долу. Цо х1уъу а дийцахь а «х1аъ» бохуш цхьана пхеъа минотехь лаьттича, кхин г1овг1а ян-м цуьнан могшалла а, ницкъа а тоьур бацара,  дехаре велира со.

 Зийнина хаьий хьан хьал?  шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.

 Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна почта д1асакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо?  х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.

Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма х1инца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьненчохь.

 Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо?  эххар а резахилира сан догдика лулахо Вах1ид.

Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.

Букът1ехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букът1ехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.

 Х1ара тхан ненан ваша ву-кх,  кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.

Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.

 Ненан ваша?  хаьттира цо.

 Ненан шича,  жимма лахдира аса ненавешин дарж.

 Ненан шича?  Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.

 Геннара  олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.

Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан яьлча, шен дахарехь, невцалг1а ваг1ча а оццул ницкъа ца хилла волу Вах1ид, мукъаволийтуш, сан т1оьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.

Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона б1аьргаш дара бехкен. Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан г1ертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.

Т1аьххьара к1иранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш. Дешаран йистте мел г1оьрти а, басех чухьаьдда вордана санна сиха хьийза йолаелира хенан ч1ургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхаяхан г1ерташ. Со цхьаъ вара хи чуйоьжна ч1ешалг санна дахаран тулг1енаша шайна ма тов д1ахьош.

Малижа массо а урокашкахь дика кхеташ, хьекъалца дика ларалуш яра. Дешаран шо чекхдолуш а цхьа а х1ума ца тергалдеш дешарна т1ейирзина хуьлуш йолу иза х1инца ишкола чекхйолуш-м дешар бен кхин х1ума гуш а яцара. 1умар-м накхармоза зезагна санна гуотуьйсуш вара йо1ана, амма к1ант гуонаха хьийзарах х1инца к1езига самукъадолучух тера дара Малижийн. Хьаьжюккъера шад ца бостура йо1а х1инца, к1ант уллохь волуш а. Аса х1инца бен тидам ца бинера, и шад-м дукха хьолехь лаьттара йоь1ан хьаьжюккъехь. К1ант уллохь воцуш а ца бостура цо-м и. Х1унда? Де дене мел дели а 1умар чехавора Малижас. Суна-м х1инца мелла а къахета а доьллера 1умарах. Эххар а вовшен юкъахь кег-мегара девнаш а хаалора цу шиннан. Со х1инца х1ора дийнахь воьдура Сулиман волчу. Сулиман волчу-м со боккъал а воьдура, амма цига д1акхачале Малижин уьйт1а хьоьжуш вехха лаьттара. Цхьана дийнахь со д1авахан туохавелчи, Малижа шайн уьйта елира. Ша санна т1ехь хаза зезагаш долу ц1ахь лелон ч1ог1а цуьнгахь товш коч яра цунна т1ехь. Ишколан духарал дуккха а хьомен хаза а хийтира суна йоь1ан ц1ера духар. «Х1унда дац тхойшиъ х1ордана юккъехь цхьана г1айрена т1ехь 1аш, кхин стагга а воцуш уллохь?»  ойла хьаьвзира сан коьрте. Малижина тусаялан езара и сан ойланаш. Х1ун дийра дара техьа цо? Даима а санна шен хазчу хьаьжъюккъе шад х1оттон мегара цо. Сан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьаьжъюккъе шад бина, ша санна шийла сийна б1аьргаш, оьг1азен лепа юьхь. Шело хьаьдира сан дег1е оцу минотехь.

Цхьа-ши де делира со Малижин ц1адолчу аг1ора ца воьдуш. Ишколехь-м дешаран шо чекхдолуш, тхан а, кхин шина уьтталг1ачу классийн арахецар т1екхочуш кечамаш беш бара хьехархой а, шаьш дешархой а. Амма урокаш-м гуттар а аьрхаевллера, контролан белхаш доладелира. Гуманитаран дисциплинаш-м саготта воцуш дика яра сан, амма цифрашца доккха дов дара сан, цкъа а машар хир боцуш дов. Малижин-м доттаг1алла дара массо а дисциплинашца. Математикан контролан болх д1абоьдучу хенахь, со вара тховт1ехь яздина х1ума ца карош, сайна хууш х1ума а доцуш 1аш. Хьехархо д1авирзича, Малижас ц1аьххьана кехатан цуьрг кховдийра соьга. Кехат аса даржийча кхийтира со, сайна деш г1о дуйла. Иза-м урок йолалушшехь шен хьаьжъюккъера шад ца бостуш, гуонаха цхьа а ца гуш, шен болх беш яра. Суна-м дагахь дацара йо1ана со гуш ву аьлла. Со цецваьккхинера цо. «Цунна-м со гуш хилла!»  ч1ог1а дагна там хиллера суна. Амма кестта хааделира суна Малижас 1умарна а кховдош иштта кехатан цуьрг. Со кхийтира, Малижас суна иштта баркал аьллера аса шен сурташдахарна. Урок чекхъяьлча со ишколан ринжех араваьлла суо висира, наггахь д1асавоьдург ца лерича. Уьш-м баккхий нах бара, шайн цхьацца г1уллакхе сихбелла лелаш. Цара-м сан цхьанаклассера бераша санна шайн ловзарш коча ца туьйсура суна. Аса-м кхин еш ойланаш а яцара, дуьххьал д1а суо висан лиънера суна. Йоккхачу шозза т1ек1елйинчу ишколан уьйт1ара-м берийн зевне аьзнаш дара кхузахь а хезаш. Со дикка гена волуш д1аваханера, амма урокана т1ехьависахь а аьлла вухаволавелира. Ишколан керта йисттехула чувоьду ринжехьа со схьаволавелча суна гира цхьанхьа-м туькана яханчуьра ишколе схьахьаьдда йог1у Губаний, Малижий. Вовше-м цхьаъ олуш, Малижа цхьажимма хьалха д1айолаелира, Губани сецира. Соьга хьоьжуш хийтира суна и.

Ваша оценка очень важна

0
Шрифт
Фон

Помогите Вашим друзьям узнать о библиотеке

Скачать книгу

Если нет возможности читать онлайн, скачайте книгу файлом для электронной книжки и читайте офлайн.

fb2.zip txt txt.zip rtf.zip a4.pdf a6.pdf mobi.prc epub ios.epub fb3