Урокаш чекхъевлича, со тахана-м ларвеш вара сан ши накъост.
Селхана санна ма вадалахь тхох. Я вай цхьана дахийта цига! ишколан уьйт1е екаеш ч1ог1ачу озаца геннара схьахьедира 1арбис, суна т1аьхьа ишколана чуьра ара а хьаьдаш.
Стенга дахийта? доттаг1 улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.
Селхана «суьйре» хиллалца ма 1ийна сой Турпалханний хьоьга хьожуш! Дицделла хьуна? реза воцучу озаца, шаьш со воцуш ц1аг1ур доций хаийтира 1арбис а, т1евеъначу Турпалханас а.
Вай ц1а доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанхьа а шух ведда вахан г1ерташ а, вахан меттиг болуш а, аьлла сапарг1ат даьккхира аса накъостийн.
Тхо 1аш долу юрт 1ашхой-Марта йоккха еха яра кхо-йиъ чаккхарма хир йолуш шен йохаллехь. Со 1енчура Малижаьрга кхачан мел к1езига а кхаоъ чаккхарма некъ бара. Аса ц1акхоччушехь, кхин т1ера х1ума хийцар доцуш, араяьккхира вилспет. «Х1ума кхалла!» бохуш нанас т1аьхьа мохь а тухуш кевнах аратилира со. Стенга воьду? Х1унда воьду? Со кхеташ вацара, амма стенгга вахана а цхьанхьа ца ваг1ча сатуьйрдолуш вацара. Вилспет сиха хахкарна дуьхьала детталучу механ х1уоно мелла а г1оле йора суна, амма синпарг1ато ца лора. Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха деза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца ч1ургаш аса хьийзош елахь а, вилспетан т1ам сан синкхетаман карахь бацара. Вилспетан сиха яхаро лерга уллохь махе шок йоьттийтура, к1адвалар х1ун ду ца хаьара суна.
Малижин ц1енна генавоццуш сецира со, х1инца-м хьажт1ера хьацаран т1адамаш хааделира суна юьхьт1ехула охьахецалуш. Хала саде1аро а гойтура, со сиха веъна хилар.
Малижа 1аш йолу ц1а-м дикка гуш дара суна, со суо луларчу кертан соннехь тебина латтахь а. Йо1-м яцара гучуйолуш, амма Малижин ц1а дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу ц1ачохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш ц1а ду-кх и. Х1ора дийнахь Малижа хьоьстуш иза 1алашъеш цунна йовхо луш ду-кх и ц1ено. Со-м хан ларар доцуш дукха лаьттира Малижа 1аш йолчу х1усаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гича санна хетара. Иштта со кхузахь сарралц латтахь со-м нахала валан тарлуш дара. Ца лаахь а, сан ц1авахан дезара. 1умар санна багахь шера мотт а болуш иэхь х1ун ю а ца хууш со велхьара аса-м цхьа жима бер дахийтина Малижига схьакхойкхийтура яра. Ткъа схьакхайкхийтича а сан х1ун ду цуьнга ала? «Со корта боьжна тентиг санна веъна д1ах1оьттина лаьтташ ву-кх!», ша ца алахь. Х1инца а со д1а ца г1ахь дехьа-сехьара ц1еношначура зударий, бераш дара сан тидам беш. Маликин керта кхин цкъа а безамца б1аьргтоьхна аса тхайн ц1ехьаерзийра сайн вилспет. Сан вилспет х1инца-м догцадог1уш меллаша йоьдура.
Со ц1акхаьчча тхан нана Зийна яра соьга ца кхеташ хьоьжуш.
Сайд1али, хьо стенгахула лелаш ву? ша реза цахилар гойтура цо.
Со-м сайн цхьана г1уллакхе ваханера, бехказаваьлла сайн жимчу чоьнчу вахара со.
Хьайн г1уллакхе-м вахана хир ву хьо. Дийнахь сарралц х1ума а ца юуш х1унда лела ткъа, т1аьхьа йист хилира нана.
Со сахьтана т1ехьаьжича, суо а цецвелира. Суьйрана ялх сахьт а даьлла лаьттира.
Схьавола х1инца мукъна а х1ума кхалла, со волчу йист хилира нана.
Х1инцца, жоп луш со сайн маьнгина т1е аркъала тевжира.
Со-м вацара х1ума езаш а, к1адвелла х1оьттина хилар-м хаалора д1атевжича.
Чохь вуй и? 1арбис нене деш хаттар хезира суна дукха хан юкъа ца юлуш.
Вижина 1уьллуш-м вац х1ара х1инца а! со волчу гучувелира 1арби дукха хан ялале.
Дера ву селхана вижича санна 1уьллуш-м, 1арбин букът1ехьара соьга хьаьжира Турпалхан а.
Хьо х1ун деш 1уьллу? Тхо хьоволчу даьхкича, даима вижина 1уьллуш ма ву хьо! улло веира 1арби.
Аса куьг лаьцна ц1еххьана уозийна сайн маьнгана т1евожийра и.
Турпалхан, х1ара вайшиннах тасавлан дагахь ву! олуш тасавелира 1арби.
Аса ши ког д1алоцу хьуна цуьнан, 1арби! тхойшинна т1ехула т1екхийтира Турпалхан.
Тхо дикка ловзуш, тийсалуш даьхкира, Зийнас чу мохь тоххалц:
Схьадуьйла чай мала! 1уьйрана дуьйна х1ума а ца юуш цхьанхьахула хоьхкуш лелаш ву х1ара к1ант а! олуш.
Муха хоьхкуш лелаш..? ца кхийтира даима а духе валан сак1амлуш волу 1арби.
Сан керара волуш д1ахьаьдира иза Зийна йолчу уьйт1а. Со Турпалханца араваьлча 1арби шен талламбина ваьллера.
Хьо стенга ваханера? милцочо санна хаьттира цо соьга.
Вилспет хохкуш вара со-м, к1елхьара валан г1оьртира со.
Дийнахь сарралца хохкуш хуьлу вилспет? Зийне хьожуш хаьттира 1арбис.
Нана-м ч1ог1а реза яра 1арбис суна х1оттийнчу бартхаттарна.
Сулиман волчу ваханера со-м! реза воцу кеп х1оттош жима аьшпаш боттан дийзира сан.
Аьшпаш бан а бара жима, со ши-кхоъ ц1а дуьтуш кхин а д1авахнехьара со Сулиман волчу а кхочур вара. Сулиман тхан классера к1ант вара, сан жимма доттаг1алла хьакхалуш.
Иза-м суна кхана хуур ду! Аса толлур ду иза-м! ша соьга ленвойтура воций схьахьедира доттаг1чо шен г1овг1анечу озаца.
Иван Архиповичас нана ялош вола аларна х1ун до вай хьуна? хаьттира соь 1арбис, тхо жимма ханяьлча кет1адевлича.
Ца хаа, цхьаъ дийр ду-кх. Кхана дицлур дац те цунна ша соьга хьедина дов? элира аса.
Дицлур дац хьаха цунна-м. Къена велахь а, корта дика болуш ву иза. Аса бутт хьалха дахьар ду аьлла фотокехат а ца дицделлера цунна, элира Турпалханас.
Цо х1ун до фотокехтах? ца кхийтира со.
Цо-м х1умма а ца до. Виталий Николаевич, физик ву-кх суьрташ дохуш, кхетийра со Турпалханас.
Т1аккха делан ахьа фотокехат? хаьттира аса.
Делир иттех кехат-м.
Итт дуй муха хиира хьуна? Пачки чохь дацара уьш?
Аса пачкийнчура схьа а даьккхина дагар дира иза-м.
Серлонехьий!?
Х1аъ.
Дагар а дина д1аделира ахьа?
Х1аъ. Пачки чу а дехкина.
Со г1адвахна велавелира. 1арби а хьаьжира соьга ца кхеташ.
Серлоне даккхан мегаш ма дац фотокехат. Вай кораш къевлина 1аьржачохь стенна дохку суьрташдохуш? дагадаийтира аса доттаг1чунна.
Х1инца сол а ч1ог1а воьлура ши к1ант Турпалханас диначух.
Фотокехат а хьош ваг1ача х1ун дар техьа хьо а Иван Архипович волчу? бегаш бора 1арбис.
Мегар ду, цкъа хьалха Турпалханига дагар а дайтина хьура ду-кха, воьлура со доттаг1ашца.
Амма кхана классан куьйгалхочуьнца къастамаш бан дезар-м дара сан дагчохь самукъадала ца дуьтуш.
1уьйрана ишколе со т1аьхьа ца вуьсуш д1акхаьчча, Иван Архипович вара борз санна чувоьдучу не1арна хьалхха даима а санна т1ехьа ши куьг а диллина лаьтташ. Со цунна ца гойтуш уллохула т1ехвалан вуьйлира, амма б1аьрг сирлачу хьехархочо со шена т1евийхира.
1уьйре дика хуьйла! олуш улло вахара со.
Нана йоцуш ишколе ма вола ца аьллера аса хьоьга? Хьан цамгар гена даьлла, кестта ишкола чекхйоккхуш экзаменаш д1аялан дезаш ву хьо. Оцу хьан цамгарна шун нене цхьа дарба ца лахийтахь ахьа ишкола чекхйоккхура яц. Схьайтал хьайн т1оьрмиг, сан т1оьрмиг буйналоцуш ц1ехьа хьажийра со классан куьйгалхочо.
Дан х1ума дацара, воккхачу стагаца къийсавалар эрна дара. Эцца т1енисвелла 1арби, Турпалхан суна улло г1оьртича, уьш а ишколан чу лаьхкира хьехархочо.
Кисна куьйгаш доьхкина догдоьхна ишколан корашна к1елхула аг1онца д1абоьдучу г1ашлойн асфальтан некъахула кевнах аравалан д1аволавелира со. Ишколан кертара со араволу ринжа юьртана Малижеран аг1ора дара. Ринжи т1е со кхоччушехь, х1уьттарена санна суна дуьхьала дог1уш дара Малижий, цунна уллоиккхина вог1уш 1умарий. Аса тидам бира, шаьш урокашна т1ехьадуьсушшехь Малижийна корта т1ете1ош сихвелла цхьаъ-м дуьйцуш вог1ура 1умар вела а къежаш. Йо1 а яра ишколе сихялар гуш делахь а, кест-кестта къежаш. Ринжех со араволуш суна т1е1оттабелира уьш.
Салам ахьа х1ун до? Ишкола цигахь яц хьуна. Тилвелла-м ца воьду хьо? бегаш бен кеп х1оттош хаьттира соьга 1умарас.
Со айса доьшург дешна ваьлла, дисинарг аша деша, олуш т1ехвелира со.
Хьо ишколе ца вог1у? Д1а х1унда воьду хьо? суна т1ехьа йистхилира Малижа.