Дийцар чекхдолуш, кхечу дийцаршна санна, жам1 дар, чаккхенца олу дешнаш кхин хьехаме дацахь а, к1оргга маь1на долуш ду, дийцар дешнарг бен кхетар воцуш а ду.
«Къедин-юьртахой санна, дика нах кхечу ярташкахь бу аьлла хеташ-м вац со!» Йагин ойланца дерзадо шен дийцар Хаьлима. Къедин-юьртахой-м шаберш а вон хуьлийла дац, ткъа диканаш буй Йагас хестораш?
Доцуо делахь а, мела а философин чулацам болуш а ду Хьаьлиман «Зударийн саьхьарло» ц1е йолу дийцар. Дика делахь а, вон делахь а, кхин 1алман суьрташца басарш ца кегош, шена дика евзачу адамийн амалшна, дог-ойлана т1е тидам бахийтина авторо х1окху дийцарехь а. Кхин цхьаъ а ду, вай хьалха ма-къасттора, Хьаьлиман шен дешан говзаллица аьтто баьлла х1окху дийцарехь а, нохчийн къоман барта дийцарех пайдаоьцуш, шен дийцаран чулацамца дийна цхьаъ хуьлуьйтуш уьш иэдан. «Зударийн саьхьарло» дийцарехь Хьаьлима пайдаэцна шина нохчийн забаре дийцарх.
Х1окху дийцарехь Йагица цхьана жигара дакъалоцуш ву х1окхуьнан ши накъост Шовхал, Хьаьппи. Сюжетан коьрта ойла хьаьвзи зударийн, божарийн амалш самсаяхарна гунаха. Йагин зудчуьнга Босбикига мукъна а дош ца кховдош, и амалш кегошберш шаьш божарий бу, цундела куьгбехке лоруш а х1окхара зударий бу. Кхузахь еккъа ц1ена божарийн монологаш а ю. Амма коьрта сюжетан сиз ду, зударех Йагин накъосташа дуьйцург, х1ара хьовзош-тусуш, шен Босбикина чу а хохкуш, шайн жимма самукъадаккха лерина х1оттош кеп. Йага-м кхета мегар дара, шен накъосташа, шаьш бакъ хиларан тоьшаллина, далош дерш халкъан забаре дийцарш хилча, уьш бегаш буй. Амма и ца тешаран авторо хьалха х1оттийна 1алашо а вайна дийцаран чаккхенехь гучудер ду. Цкъачунна-м Хьаппис, Йага зударийн саьхьарлонах тешийта, дуьйцучу инзаре хаза беламе дийцарех 1ехавелла. Хьаппин дийцарехь зудчо-м ша саьрмик болу ор чу кхоьссича а, и т1е а ***й хоьхку. «Саьрмикна х1ун ю зуда, цкъа кхаллал х1ума бен яц!» ойла дага ца йог1у Йагина, иза-м х1инцале а Босбикех цатешаман бух кхуллуш ву ойланашкахь.
Уьш-м туьйранаш дара! боху Йагас, амма оцу туьйранах иза теша кийчча ву. Оцу шен тешам т1ехь иза ч1аг1веш, Хьаппис дийцинарг бакъдеш, Шовхала а дуьйцу халкъан дийцар шена хезча-м ца олу Йагас «уьш туьйранаш дара!» Цо хазахетарца, т1араш тухуш, т1еоьцу иза. Х1инца иза дика тешна вог1уш ву шен Босбика а царех цхьаъ хиларх. Йага ч1аг1о йолуш тешийта, Хьаппис кхин а т1етуху, зударша, йо1 ненан ирс лоруш, к1ентий ца бо, олуш дицарца.
Х1инца-м вист ца хуьлуш тапъаьлла 1ара Йага. Амма иза кхин метта ца воуьйту вукхушимма, кхин а зударийн мекарлонех дуьйцуш. Ткъа шен Босбикина оьг1азвахна Йага-м вац цара дуьйцург хезачохь а. Йагина дагадог1у, ша Босбикига шена к1ентий беза бохушшехь вукхо йо1арий дуьнен чу бохуш хилар.
Х1ан, 1одика йойла! Со д1авоьду, ц1аьххьана Йагас аьлча, ши накъост кхетта шаьшшимма аьлларг кхочуххиларх. Цара-м, сацо г1ерташ, г1еххьа дехарш а дира, амма Йага д1авахна дукха хан ялале цунна т1аьхьа вахара и шиъ, шаьшшиннан синкъерам хьалха буйла кхетта.
Йагас ша чукхачарца сиха долийра шен Босбикица дов, къайлаха ладуг1учу накъостийн самукъадоккхуш, Босбика а елаелира Йагас дуьйцург хазахетта. Амма ц1индас пеша хьалхара схьаэцна дечиг детта долийча, Босбикина орцахбевлира къайлах ладуг1уш хилла Хьаппий, Шовхаллий.
Авторо философин х1илланца чекхдоккху шен дийцар. Босбикин бутт сов зама яьлча доьзалхо хилира. Иза к1ант вара
Бурчаев Хьаьлиман дийцарш шен меттан башхаллашца а кхечу авторийн дийцарех мелла а шен юьхь йолуш къаьсташ ду. А. П. Чеховс ма-аллара: «Йоцалла пох1ман йиша ю». И дешнаш ду, аьлча нийса хир ду, Хьаьлиман дийцаршкахь коьртаниг. Цул а мехалниг, и дийцарш вайна ч1ог1а юххера хилар ду, уьш вайн дахар юккъера говзачу куьйгашца схьаэцна Хьаьлима.
Нохчийн къомо х1инца кхуллуш, карладохуш, шардеш ду шен турпалхойх Чорех, Молнесартах забаре дийцарш. Хьаьлиман Йага а ву, цхьана меттехь ца лаьтташ, ч1ог1а йоккха т1аьхьало хир йолуш турпалхо. Цуьнах Хьаьлиман кхин а дика дийцарш х1инца а язданза ду, аьлла хетта.
2005 шо
Аналитикан статья. Маршонах маьрша ойланаш. Цуруев Шерипан 1илманан талламах дош.
(Аналитическая статья по научно-публицистической работе известного чеченского поэта и писателя Цуруева Шерипа «Свободные мысли о Свободе»)
Нохчийнчохь а, Нохчийчоьнан дозанал арахь а дика вевзаш волчу поэта, публициста, бина талламан болх барам боккха боцуш белахь а, чулацам боккха а, к1оргге а, ойлайойтуш а бу. «Маршонах маьрша ойланаш» статья араяьлла 2003 шарахь, «Орга» журналан 8 т1ехь. Шерипас ма-аллара, дахаран юкъаметтигаллийн талламаш беш нохчийн маттахь зорбанехь арабевлла 1илманан философски белхаш бац, исбаьхьаллин литературехь вайн г1арабевллачу яздархоша бина талламаш а, хетарш а доцург.
Шерипан статья кхаа декъах лаьтташ ю. Юьхьанца олуш долчу дашна т1ехь а, «Хаттаран исторех» ц1е йолчу шолг1а дакъана т1ехь а антични философашна т1ера схьа ХХ б1ешере кхаччалца философин ойла а, оцу ойланах дуьненахь а г1арабевллачу философаша аьлла долу шайна хетарг довзийтуш йоцца экскурс еш д1айолайо автора шен статья. И белхаш дерриге а дуьненахь бевзаш а бу, церан бухт1ехь а, уьш 1аморан 1илманан а белхаш беш бу дукха хенахь дуьйна. Цундела вайна коьртаниг а, довза луург а Шерипас шегара аьлла дош, цуьнан синкхетам, цо ен философски ойла а ю. Дуьненан философин коьрта ойла статьян автора т1еялайо «маршо» бохучу терминна, маршонах бусалба динахь муха кхета олуш чекхйоккху Шерипас шен ойланаш. Цуьнца цхьабосса д1адолало статьян кхоалг1а дакъа «Маршо нохчийн кхетамехь» Шерипан коьрта ойланаш. Стоммачу сизца схьайог1у ерриг а статьяна т1ехула авторан ойланех цхьаъ: стенах алан деза маршо, бакъ йолу маршо, оцу дешах хетарш а, ц1е а, кеп а йоцуш. «Адамо беш болу берриге исторически некъ иза маршоне беш болу некъ бу», аьлла хета цунна. Нохчийн къоман маршонах кхетар а, сатийсам а: «дукхха а б1ешерашкахь дуьйна нохчийн къоман коьрта идея хила схьайог1уш ю». Амма «Шайх-Мансура бина г1аттам а, Таймин Биболта латтийна къийсам а, имам Шемална т1аьхьа х1иттина 25 шарахь бина т1ом а, кхин цул т1аьхьа нохчаша бина т1емаш а нохчийн кхетамехь йолу маршо бахьана долуш хилла аьлча нийса хир дац. Маршо езар хила тарло нохчашка т1ом байтинарг, амма оцу т1емаша ца кхетадо вай нохчий маршонах, гучу ца доккху нохчийн маршонан маь1на. Ц1е йоцург, кеп йоцург оцу нохчийн маршонах к1еззиг х1ума доьзна ду 199596 шерашкахь бинчу т1емашца» бохуш долу авторан дешнаш мелла а чолхе ду кхета. Х1унда аьлча юьхьанца схьайог1уш йолчу ойлана «герз карахь бинчу къийсамийн 1алашо а хилла маршо» мелла а дуьхьало еш уьш долу дела. Делахьа а цул т1ехьа дог1учу мог1наша кхетаво дешархо авторо, х1унда хета шена иштта аьлла. «Нохчийн маршо дуккха а шуьйра а, к1орга а ю. Нохчийн маршо иза адаман маршо ю, юьхьшен (личностни) маршо ю, чоьхьара дуьйна «арайолуш йолу» маршо ю. Адаман, юьхьшен маршо дуккха а йоккха а, хьалдолуш а, диканиг кхолла таронаш йолуш а ю къоман, пачхьалкхан маршоне, я «ц1енна» арахьарчу (социальни) маршоне хьаьжча. Къоман, пачхьалкхан маршо адаман абстрактни, генара х1ума хила йиш ю дукха хьолахь, оцу тайпанчу «маршоно» адамна ницкъ бан тарло». Авторан оцу дешнашна т1етоха деза аьлла хета кхин а цхьаъ: 199596 шерашкахь а, цул т1ехьа а бина т1емаш х1инцалера дукха социальни а, политически а, экономически а хьелаш хьадеш, уьш бахьана долуш а хилла бу. Цуьнан коьрта бахьана импери йоха тохаялар а ду, СССР ца йоьхнехь нагахь санна, Нохчийчохь т1емаш хир бацара. СССР йохарх, импери ца йоьхнера, империно шен дийналла йохаран кхерамна инстинкт бахьана долуш, салаца тохаделлачу дег1о санна, болийна къийсам бара и т1емаш. Жимчу Нохчийчохь и т1ом ца баржийнехь, империна йохаран кхерам бара. Оьрсийн меттан регионаш ларалуш йолчу Сибрехан цхьайолу регионаш а яра суверенитет кхайкхош, т1ехьа сиха лергаш та1ийна 1ийна Татарстан-м йийца а ца оьшура. Бакъдерг дийцича, Татарстана шайна йоьхуш йолу бакъонаш, цунна сиха д1а а елира, Нохчийчоьно йоьхуш ерш а яцара кхин дукха, ша к1езига яцахь. Ткъа Нохчийчохь х1унда болабелира т1ом, оцу хаттарна а ду цхьамогг1ара жоьпаш. Царах цхьаъ ду исторически дагалецамаш, генни ларамехь къомана дагайог1уш йолу къизалонаш, (къоман цхьа а бехк боцуш!) Оцунах пайда ийцира «т1еман партийно», нохчий-м бацара и т1ом шайн кхетамехь бан 1алашо йолуш а, Росси церан пачхьалкх хилла яьллера. Россино нагахь санна ницкъала уьш пачхьалкхана юккъера арабаьхнехь а, уьш буха оцу федерацина юкъа баха г1ерташ т1ом бан тарлуш оццула ч1ог1а боьзна бара Россица. Оцуьна бахьана вай т1ехьо дуьйцура ду. Ткъа х1инца Шерипан статьян кхин д1а а йолчу ойланех сайна хетарг ала лаьара суна, мелла а статьян чулацам а буьйцуш, сайн ойланах шу кхетийта.