Товсари бохуш йолу йо1, ша и мох санна сиха араиккхира мел бан. Завхоз волчу Казбекана т1е кхечира йо1. Йедда йеъна, са а кхачийна, ц1ог1 туьйхира Товсарис:
Мел буй?
Мел беза хьуна?
Мел беза суна!
Собар дехьа! Мел беза хьуна?
Собар до аса-м! Мел беза!
И ма дийцахьа! Мел беза хьуна?
Мел беза!
Мел беза хьуна! бохий аса-м, собар кхачалуш дара завхозан.
Мел беза! боху аса а, т1ечехан йуьйлира Товсари а.
Х1ара шиъ къийсалуш доллуш, учитал Фатима а схьакхечира орцаха.
Ванах и мел балан мегаш бац оцу берана?
Х1инца-м Казбекана а, шен доьналла долуш хилла болу дай а дагабаьхкира!
Ой! Аса бохучуьнга ладуг1уш ма йац йа х1ара йо1 а, йа хьо а, ва Фатима! Мел беза схьаолуш ма дац шу и мел!
*******************************************
МИНИАТЮРАШ Забарен доца дийцарш
Сан доттаг1 Эдин Муса редакцехь.
Сайн доттаг1 Муса болх беш волчу редакци кет1а нисвелча, телпо тоьхнера аса, и балхахь вуй хьажа.
Х1ун деш лаьтта хьо кет1ахь, утарма а хилла! Чу вола, бохура доттаг1чо.
И со а, хьо а эккхарх хира доцург а ца дуьйцуш 1ад 1ехьа, дийхира аса Мусага.
Ой! И бохург х1ун ду, цхьа берзалой йац вай! Вайга ца далург и ма доккха х1ума хилан деза! цецвелира Муса.
Дера ду и, со санна стомма утарма вайшинна карора йац бохург, кхетийра аса доттаг1.
24.11.22
Зудчунна х1уш эцар.
Воккха стаг балхара чу моссаза вог1у, дуьхьала йолура зуда, б1аьргаш а къарзабой:
90 сом доьхуш долу, х1уш ийцарий ахьа суна? олуш.
Х1ора дийнахь зудчунна х1уш эца ахча а ца хуьлура, амма воккхачу стага, шена балхахь делкъана х1ума ца йууш а, зудчуна х1уш оьцура, цуьнга б1аьргаш ца къерзабайта.
Тахана-м алапа схьаделла самукъадаьлла вара воккха стаг. Х1уш-м х1ета а эцан дезара тахана, делкъана шена вуззалца х1ума йаъан а аьтто белира воккхачу стеган.
90 сом доьхуш долу х1уш чохь долу къоза пакет а йохьуш чоьхьа велира воккха стаг:
Хьажал, сан хаза-диканиг, аса хьайна деъна х1уш, тахана алапа схьаделлера суна!
Ой, и бохург х1ун ду! Алапа схьаделча, х1уш а дохьуш веъна хьо! Наха шоколад ма оьцу шайн зударшна, алапа схьаделча! б1аьргаш къарзадира зудчо.
04.02.23шо.
1арби фельдшер-акушер!
Воккха лор волчу ца воьдуш а, 1арби фельдшер бен вацахь а, цомгуш болу нах цунна т1е эха марзбеллера. Моз даочух тера дара цо, йа цомгушчарна хаза дуьйцучух. Делахь а цхьа дарба лелон 1емина хилан а мегара. Масана ду уьш, шайт1ана некъаш.
Цхьана хазчу суьйрана 1арби чу кхайкхинера шен накъоста. Дикка, молуш долчу къаркъано, коьртах тоьхначу хенахь, 1арбийн телпо г1ийла йийкира «ва-а-а!» олуш. Ца ваьлла схьаийцира 1арбес телпо:
Ладуг1уш ву, схьадийцал, айхьа схьатоьхнехь! аьлла.
Х1ун боху цо? Х1усамнана-м йац, орца доккхуш? хаьттира накъосташа.
Тамашена нах бу-кх х1орш! Приеме веъча, саг1ена дала киснахь итт туьма а доцуш волу пациент ву-кх телпо йетташ, бале ваьлла! реза вацара лор 1арби!
15.12.22 шо.
Дала бина къинхетам.
Дала дукха йахайойла и, зоьртала а, боьрша стаг санна дика онда а, йолуш зуда хилла цхьана йуьртахь. Маре ца йуьгуш цхьаммо а, дикка хан йаьлча, цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, маре йахана хилла и зуда.
Делахь, хьажахьа, кхоъ к1ант а вина, дика йаха хиъна и зуда, бохуш дуьйцуш хилла шайна йуккъехь зударшлахь зударша.
Дера вина-кх кхоъ к1ант-м йо1-м цунна йан хуур а дацара, бохуш йоьлура цхьа зуда.
27.12.22 шо.
Кор схьа х1унда диллина!
И кор схьа а диллина, моза чу х1унда баийтина ахьа! Шайолчу йуучунна т1е хуьйшура ма бу и! шен майра ву бохучунна чуг1оьртира зуда йу бохург.
Ой! Сан хаза-диканиг, и кор ахьа ма диллира цхьа минот хьалха! бехкала вахана элира Воккхачу стага.
И кор ца дуьйцу аса! Моза чу х1унда баийтина ахьа боху аса! т1ечевхира зуда.
02.01.23 шо.
Хьан йазъйина роман «Евгений Онегин?
Пенаш хьохуш, кира тухуш, басарш хьоькхуш белхаш деш цхьа зударийн тоба йара. Ца хууш болх бацара оцу зударшна, цундела церан къелла йацара болх карабарца: «шайний, шайний болх бан даг1ахьара шу!» бохуш къуьйсуш бара уьш. Амма ишколехь дуьйна дешаран кхиамаш кхин басаршца къегина бацара церан.
Амма оцу зударшна юккъехь, Киса ц1е а йолуш, цхьа зуда йара, ишколехь къаьсттини литератураца гергарло хилла. Шен ишколехь а къаьстина езаш хилла йолчу «Евгений Онегинах» анекдот а хезина, и хьанна дуьйцура ду ца хууш сак1амделла йара и балха йог1уш. Шен накъостий зударш гича, кхин собар а ца тоьина, царна дийцира цо:
Цхьана ишколехь хьехархочо хаьттина хиллера берашка:
«Хьан йазъйина роман «Евгений Онегин»?
Аса-м ца йазъйина и, валлай, ца йазъйина-кх! хьала иккхира цхьа дешархо.
Аса а ца йазйина и! шолг1а дешархо а бехказа йелира.
Кисийн накъостий, хьекъален йоьххьаш а йина, ойлане бевллера. Кийса кхийтира, ша хьашт доцуш долийна хиларх х1ара къамел.
Цхьана х1окхуьнан накъоста зудчо, х1умма а ца олуш ца 1ен, хаьттира:
Т1аккха, карийний хьехархочунна, хьан йазйина хиллера и?
Дела дуьхьа ца хаьа-кх, цигара д1а суна дага-м ца дог1у! к1елхьара елира Киса.
26.10.22шо
Ибрах1иман 1абдулхьамидан к1ентан доца дийцар.
Цхьа зуда йара даима а шен кхиъна вог1у к1ант улло а воккхий, цхьаннийн чу йоьдуш, вукхеран чу йоьдуш, цкъа арайаьлча ц1а ерзан ца кхеташ лелаш.
Иштта шен к1антаца арайаьлла буьйса гена йаллалца масеха нахехь а
1ийна, хан йаьлча, шен к1анте элира нанас:
Х1а! Вало, к1ант, ц1а г1ой вай?
Стенга ц1а доьлху вай х1инца? хоьттура к1анта.
13.10.2022
8 ишколин учиталски чохь.
Шайн, буьйса юккъе яхалца, кечйина паланашна т1ехь, оцу «ийман доцучу» берашна урокаш а елла, уьйча лилхина, оцу берийн ц1озний г1овг1ана юккъехула учиталски чу а лилхина, доккха садаккха дагахь бара учиталаш. Не1 т1екъевлича тоьий, оцу «хьерадевллачу» берийн г1овг1анаш х1окху чохь а хезиш хилчи!
Цхьацца йолчу ишколехь хуьлу-кх, берашан а, ишколехь кхин ца хилчи а, сагатталур доцуш хьехархо.
Лида Вахитовна, оцу уьйча а йалий, йист хилахьа оцу берашка, цхьа жимма доккха са доккхура дара-кх, кхин цкъа а урокашка аралелхалий, дийхира цхьамма-м учиталски чохь.
Лида Вахитовна, йиста-м ца хилича а х1умма а дац хьуна, уьйча ара хьажахьа! бохура, Лида Вахитовна йевзаш йолучо.
13.10.2022 шо.
Кхин цхьаъ 8 ишколера доца дийцар.
Оцу газах, светах ахча д1адала к1ордийна-кх суна! учиталски чоьхьа елира цхьа майрачех йолу хьехархо. Эцца Г1аламкхойн махкахь учиталаша луш а дац-кх и ахча, цу т1е далахь!
Вуьйш болу хьехархой а бацара кхин дог к1едачех, цара а элира шайна хеташ дериг:
Эцца и мацала бала бохкуш болчу «газовикашка», схьа а балабай, д1ахадайайта! хьехар дира цхьамма-м.
Цулле а дика хира ду, хьо, и хьайн г1овг1ане батт а эцна, оцу «Калмыке» д1а йаг1ача, эцца х1умма а ца олуш ца 1ен, шен ойла йовзийтира кхин цхьамма а.
13.10.2022 шо.
Лоьмар 8 йолучу ишколан дирехторан г1оьнчин кхочуш хилан тарлуш йолу ойла!
Вайн дирехторас Зураъас аьлларг хаьий шуна? т1аьхьа а йисина чоьхьа елира цхьа хьехархо.
Х1инцалца ша олуш дериг элирий цо:
Кхин т1аьхьа а висина цхьа хьехархо ишколехь гучу валахь, ша и балхара, шен лаамца, ц1ахь вуьтура ву! хаьттира дирехторан г1оьнчас Раисас.
Делахьа и хьехархо балхара д1а а ца воккхуш, оцу 8«Б» классе цхьа ши урок йалан вахийтахьара оцу вайн дирехторас! ойланен элира дирехторан кхин цхьана г1оьнчас.
13.10.2022 шо.
Ибрагимов Хьасанан бераллин доттаг1чунах дош.
Кхин оцу ишколера ц1а вог1уш ма гайталахь, деъаннала лахара «оценка» а яккхий! омра дира Сосийн Салман олуш волчу тхан лулахочо шен к1антана Ибрах1имна мацаха мелла а хьалха заманачхь.
Оцу дийнахь Ибрах1имас, ишколехь «аьтто» а баьлла, химина а, биологина а ши шиъ даьккхира!
Ша и лом санна ц1ахь буха хиъна 1аш вара Ибрах1иман да Сосин Салман.
Масса даьккхира ахьа тахана ишколехь, Ибрах1им? хаьттира дас к1анте.
Тахана-м, дада, диъ даьккхира аса, воьхна вацара к1ант.
Иза-м дукха боккха аьшпаш ца хила там бара, шиннена шиъ т1е тоха хууш волучунна.
13.10.2022 шо.
Хала болх.
Иттех шарахь хьаькиман болх, а бина, т1аккха даржан лаха ваьккхина, ишколехь дирехторан г1оьнча болх, а бина, дуьненахь хилан тарлучу бюрократех чекх а ваьлла, «пенсионерийн хьаькимийн болх бан йиш йац», аьлла балхара мукъа витина вара цхьа воккха стаг. Х1ора дийнахь: цхьа б1е сов, ишколашна болх бан 1амон, т1ейилинчу хьаькимийн конторашкара схьа мел оьхуш долу хьекъален кехаташна жоьпаш луш болх, а бина волу пенсионер ша шена висира уггаре а балхана т1ера кот ваьллачу хенахь. Шаверг а хьаьким хила лууш хиларна, учитал болх бан ца хаьахь а, учиталаш 1амон хууш хиларна, учиталаш ишколехь тоьуш бацара. Цхьа дика, хьаькимийн болх бан йиш йацахь а, пенсионерийн бакъо йара учиталийн болх бан.