Всего за 74.9 руб. Купить полную версию
Хьехархойн чуьра кхо-виъ хьехархо соьга вистхуьлуш, вист ца хуьлуш, д1асавевлира. Чохь йисина къона хьехархо Залина-м соьга голливудан кинофильман турпалхочуьнга санна хьожуш яра. Ас къайлаха б1аьрг та1ийра йо1е, цуьнан сийначу б1аьргашкара елакъажаран серло а яржош чохь. Оза завуч шен «ца дича ца довлу» г1уллакаш дан араелира. Чомехь урокаш ялар-м дуьйцучохь а дацара, де а доьхна даьллера. Дуьххьал д1а х1окху кхоьлинчу дийнахь стигалан кийсак санна лепаш Залинин б1аьргаш бара.
Залина, соьга маре ян еза хьо, хьо цхьаъ бен сох саьрмак тарбалаза кху школехь висина стаг а вац, элира аса йо1аца со висича.
Д1авала хьераваьлла хьо. Со-м хьоьга тхайн дега санна хьоьжуш ма ю. Со дукха жима ма ю хьуна, ша аьллачунна бехказалонна совг1ат санна, хьехархойн чоь малхо санна серлайоккхуш, елакъажар делира суна йо1а.
Мегар ду делахь, Залина. Нагахь санна, ког когах кхетта а, шайн дас хьо араяккхахь соьга хаийталахь. Ас сайн т1еэцна йо1 йийр ю хьох, бегаш бира ас дуьхьал.
Шолг1ачу дийнахь, ишколехула туьйранаш санна лелаш, схьакъиэдадеш дара: керла хьехархо маре г1уриг хиллал боцчу маьхкаршка дог хоуьйтуш хаавелла; керла хьехархо берийн ц1ийнера кегийчу зудаберех т1еэцна бераш дан г1ерташ ву! Вовшашка и кхаьънаш дохуш хьехархой а, цхьадолу лакхара классера зудабераш а, цхьана к1иранах гергга лийлира.
Ас х1ора 1уьйрана сатосуш гуобоккхура со 1аш волчу г1ишлона, керла «совг1ат» дуй-техьа керта кхоьссина олий.
Салам 1алайкум, хьо х1ун лоьхуш ву кертахь, са а тасале? йовхарш тухуш вистхилира лулахо.
Деллахь, цхьа к1ира хьалха керта деса къаьркъана шиша кхоьссинера суна. Йоьхь1аржонах ларавала г1ертара со-м, жоп делира ас, салам схьа а оьцуш.
Мелла ваьлча, уьйт1а стенна кхуссуш ду ахь иза? Т1ехьа кхосса мегаш дац и? цецвелира лулахо.
Со-м молуш а вац. Цхьамма уьйт1а кхоьссина суна, лулахо кхето г1оьртира со.
Иштта ала ахь, хьо суьдхочунна хьалха лаьтташ велахь а. Со а ву хьуна х1окха чуьрчу г1омо ларт1ахь и мала ца вуьтуш, и шишнаш керт ма-ю хьулдеш лелаш. Хьо суьйрана балхара чувеача, со д1анехьа вер ву хьуна, войшинна цхьа литр ялахь, хьо чувог1уш, т1едиллира суна лулахочо.
Хьайна соьца дов ца дезахь, иштта къамел кхин ма делахь соьга. Со молуш вац. Хьайн ворданан дола айхьа дийр ду ахь, оцу т1ехь вайшинна некъаш цхьаьна ца дог1у, д1ахьейира ас сайн дог-ойла лулахочуьнга.
1уьйрана чайнан стака а мелла, ишколе балха ваха со араваьлча, уьйт1а юккъехь, наб кхетта 1охку кегий бераш санна, ул-уллохь 1уьллуш х1инцца дассийна къаьркъана ши шиша 1уьллура. Х1инца кхийтира со лулахочун къизачу бегашех.
Со ишколе д1акхаьчча, деза кхаьънаш санна схьакъедош дара суна сох лаьцна керла «туьйранаш». Ондачу завучо мерза кхаъ бина дийцира суна:
Ванах, хьенех. Хьо, уьйт1а юккъе дийнна яьшка къаьркъа а х1оттийна, сахиллалц молуш, салтийн йир а бохуш, лулахой бийша а ца буьтуш, 1а ма боху! Бакъ дуй и? Хьажахьа, минот ца яьллехь, хьоьга маре а йог1ур-кх со! Ма къа долуш синош ду-кх тхо, зударий!
Зударий-м хила а мега, дуьхьал къовзарш дира ас.
Амма къена жеро-м яцара оцу сан хьовзийначу дешнех кхетар йолуш, дуьненчохь кхин цхьана дахарехь яьхча а. Соьгара пурба даьккхича санна д1ахьаьдира иза-м, со теш а вина, сох лаьцна шена хетарш дийца.
Гина хир ду-кх Чацкийна а г1ан! элира ас сайга. Амма иштта говзаниг-м ца гина!
Хьо экзаменна кечам беш-м вац? хезира суна аг1онца кхоалг1ачу завучан аз.
Хазачу зезаган ц1е а йолуш, лекхуо, оьздачу дег1ехь, жима зуда яра и.
Шадолчу дахарх еккъа ц1ена экзамен а хилла д1адаха х1ара сан дуьне-м, бегаш бира ас.
Махьмудна т1е а г1ой, хьо х1окху ишколан директор хила г1ерташ вац ала, хьайна х1ара концерт чекхъяла лаахь, элира соьга зудчо, эсала ела а къежаш.
Ой, цецвелира со. Хьуна муха хиира со директоран меттиг къуьйсуш воций?
Хьо Дала поэт хила кхоьллина ву. Нуьцкъала хьо директор х1оттийча а, ахьа баттахь а бийр бац х1ара болх. РОНО-хь а шарахь бен ца хьевелла хьо, итт шо хьалха делахь а, кхин цкъа а оьзда елакъежира жима зуда.
Ткъа стенгара даьржина и эладита, со директоран меттиг схьаяккха веина ву аьлла? хаьттира ас хьекъалечу жимчу зудчуьнга.
Хьайн лулахошца бертахь 1е, я меттиг хийца, хьехар дира жимчу зудчо.
Со бехк боцуш бехказа вийлалур вац цхьанна а хьалха, элира ас.
Суна-м хаьара ахь иштта жоп лур дуй. Х1окху харцдуьненан стаг вац хьо. Дала аьтту бойла хьан, ойлане хилла, готтачу уьчахула д1аяхара хьекъале жима зуда шен кабинет йолчу аг1ор.
«Адамашца тарвала веза!» тхайн ненан хьехар дагадеара суна хьехархойн чоьнехьа д1авоьдуш.
Ваша, ваша, т1аьхьакхойкхуш хийтира суна берех юьззина йолчу уьчахула со схьавог1уш.
Со вухавирзича, пхоьалг1ачу классера жима к1ант вара соьга цхьаъ-м ала г1ерташ.
Х1ун боху ахь, жима стаг? сецира со.
Хьоьга арахь кхойкхуш цхьа ваша ву-кх, хаийтира к1анта.
Баркал, жима стаг, баркал, мукъавитира ас к1ант.
Со ишколан уьйт1а ваьлча, соьга хьоьжуш лаьтташ со чохь 1аш волчу г1ишлон да вара.
Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, х1ара ишта нисдаларна. Масех шарна аьлла чувахийтинера ас хьо х1усаме. Делахь а, и х1усам парг1атъяккха дезар ду хьан цхьана-шина дийнахь. И тхан к1ант аьлча а, оцу мер1уьргана зуда ялор чудоьссина-кх. Уьйт1ахь цхьа чоь мукъа а елара, хьо ара ца ваккха, бехкала вахана кеп х1иттайора квартирин дас.
Со х1усамехь 1ерна ишколо ахча д1аделлий хьуна? хаьттира аса.
Ахча-м, дера, хир дацара х1окху ишколера. Иза-м оьшуш а дацара, бехказвуьйлура и.
Дика ду, ас директоре сайна кхин х1усам лаха эр ду. Х1окху юьртахь еса лаьтташ дукха г1ишлош ю бохуш вара иза, ас олуш къаьстира тхойшиъ.
Ишколехь-м директор карор вацара ас мобилан з1е туьйхира Махьмуде.
Еса лаьтташ г1ишлош шортта ю юьртахь. Ас завхозе омра дийр ду. Шек д1а а ма вала хьо! дош луш, сан сапарг1атдаьккхира директора.
Амма де а д1аделира, шиъ, к1ира а. Завхоз а вара, эса дайна етт санна, корта а оллийна, бехкалвахана кеп х1иттош:
Ванах, и цхьа ц1а доцуш висина накъост ма 1ийра вайн ишколехь, шена цхьа чоь а тойина. Божа вара и, Бомжа вара и ц1е а яра цуьнан цхьа тамашийна. Оцу чохь цхьа зудчун бахьана а далийра цо. Хьуна кхин г1ишло караяллац цунах йисинчу чохь 1ийча х1ун дара хьо?
Ткъа кхин г1ишло маца карор ю алалур дуй хьоьга? хаьттира аса завхозе.
Деллахь ца хаьа суна-м, бехкалвахара завхоз.
Суна ишколан чохь нисйина чоь цхьа не1 уьчара чу, важа не1 аг1онца пенах луларчу пхьерийн чу а йолуш яра. Уьчахь берийн г1овг1анаш, лулахь ц1охарийн г1овг1а. Сан чохь ц1охаршна ток лун щит. Со вижина велахь а, г1аьттина велахь а, чай молуш велахь а, аг1онца пенахара не1 йоьллий, соьга салам а лой, шайн щит чохь болх бора белхалоша. Мала хи дезча а, меттара г1аттавой а, соьга доьхура. Бинт эшча а, соьга доьхура, не1 йоьллий, чоьхьа а бовлий.
Г1уллакхаш муха ду? Х1умма а дац, оцу чохь-м Бомжа бохуш волу къонах иттех шарахь 1ийна хьуна. Вай кестта хьуна г1ишло лохура ю! Хьа-хьа-хьа! хьуьнхахь йилбазмохь санна 1адавеш декара директоран белар.
Соьга схьакхийдош кехат, къолам а дара цуьнан: «Хьайн лаамца балхара д1аволу алий язде заявлени!» бохуш.
Со ц1аьххьана самаиккхира. Со сайн г1аларчу х1усамехь, книгийн васхалшна хьалхха лаьттачу к1едачу г1антахь наб озийна 1аш хиллера. Суна дагадеира сайна гина г1ан. «Махьмад, Махьмад и мила вара?» дагалоьцура ас. Т1аккхий бен тидам ца бира ас г1ийла екаш йолчу сайн мобилан телефонан. Со дисплей т1е хьаьжча, цу т1ехь яздина дара «Махьмад». Суна дагадеара айса юьртарчу ишколе балха ваха дагахь ву со аьлча, соьца цхьана хенахь РОНО-хь болх бинчу накъоста Расамбека Махьмудан телефонан номер елла хилар. Махьмуд вара соьга балха д1акхайкха мобилан з1е тоха езаш. З1е етташ верг и вара. Со кхин цкъа а хьаьжира телефонан дисплейга. Т1аккха ас, сайн г1ан дага а деана, телефонан ц1ен нуьйда т1ета1ийра. И нуьйда жимма т1ета1ийна латтийна, телефон д1аяйира дуккха а ханна. Махьмудна-м гуттаренна а.