Малижа, хьо дага йоьхна са хьаладолуш доллу-кх сан. Хьо мел ч1ог1а хазахета суна. Сан бен кхин цхьанне а хуьлийла дац хьо, оццул ч1ог1а суна езаш хилча. Дала бекхам бийр бу хьуна со ахьа д1ататтахь. Хьан и ши б1аьрг вуьжуш а дуьхьалатуьйсу суна, вижича г1енах а и хьан стигалбасахь б1аьргаш хуьлу со хьоьстуш. Д1а ма тетта сан захло. Делора ю аса хьо ядийна юьгур, хьо хьуо реза а йолуш ца яг1ахь! ч1ег1ардиган декар-м берийн ловзар дара тхан классера 1умр ц1е йолчу к1анта Малике ден къамелаца дуьстича.
Хала кхиира со цхьана нехан кет1ахь доллучу стоммачу комар диттана т1ехьаиккхина хьулвалан. Суна-м сайн дахарехь ца гинера иштта жимчу стага йо1аца къамел деш. Иштта аьлча а нийса хира дац иза, суна-м ца гинера цкъа а захло дуьйцуш, бегашенна а. И муха дуьйцу а цхьана тайпа кхетам бацара сан. Амма сан дегбаамах дуьзинчу даго-м хьоьхура суна захло иштта деррехь, оьздангаллан бух боцуш ца дуьйцийла. «Шинне юккъехь иккхина суй, муха боккху нахала, оцу суйнах и сийна ц1е яьлла латтахь а! Сан хьекъал ца кхуьура, оцунна т1ехьа, кхетара новкъа юккъе х1оьттина жа санна ц1ехьахахкабелла бог1у дешархошна юккъе а х1оьттина кхиана йог1учу сарг1ано санна мохьтоьхна муха дуьйцу шинне къайле хилан деза и мерза дешнаш. Йо1ана-м ч1ог1а новкъа хилан деза иштта дешнаш. Малижас-м бехк баккхан беза оцу иэхь дайначу к1антстагах», ойла хьаьвзира сан ц1ий коьрте хьаьдда богучу коьрте. Амма сайна хезначух цец валан дийзира сан кестта.
Ишкола чекхяккха дагахь вац хьо? шега дуьйцучу къамелах билггал самукъадолуш къежира сан «хьомениг».
Ой, ишкола-м чекхйоккхур ю вайшимма. Амма, кхин д1а-м сатохалур долуш дац-кх х1ара сан безамах доьттина дазделла жима дог. Хьуна муха хета и? Цхьа а институташ-минституташ юьцура яц вай.
Тракторт1е балха ваг1ан-м ца воллу хьо? к1елд1ашкахула малхадуьхьала санна к1анте хьаьжира Малижа, т1аккха шен накъосташка Зараига, Губанига.
Ой, вац дера со-м тракторан т1е а, вордана т1е а балха х1уттур волуш. Заочно-о! йо1 шен къайленах кхетийра 1умарс.
Тхан да-м ву трактор т1ехь болх беш. Цунах ца вашар-м дац хьан и? дегбаам бен кеп х1оттийра Бусана ц1е йолчу т1ехьуо схьаг1ертачу ворх1алг1а классерачу йо1а.
Шун да-м, Бусана, тхан ден вешин доттаг1 ма ву. Иза-м цхьа борз ю. Вац дера со-м цунах цавешаш, иза-м шен бежнаш кхобуш дика воллуш ву. Со ву-кх ч1ог1а юрист хилан дог долуш. Т1ехула т1е, со дешна валален шайолу трактораш юккъера д1аевра ю, шен лулахо-йо1 д1атиэйира 1умарс.
1ума, тракторш юккъера д1аевлича церан метта болх хьан бийр бу ткъа? хаьттира Бусанас шен дегбаам чекхбаьллий хоийтуш, ша жима йолуш дуьйна ма яккхар 1умаран ц1е а йоккхуш.
Бусашка, х1инцлерчу тракторийн метта робот-тракторш хира ю, программашца шаьш болх а беш. Со захло дуьйцуш воллуш новкъарло ма ехьа суна, йо1 хьостуш дехар дира 1умарас шен лулхочунга.
Хьох-м прокурор хуьлу, ткъа сан ойла йин ахьа? ша 1умаран х1усамнана хиллаяьлча санна хоьттура Малижас.
Со муха воьду а ца кхеташ, дешархошна юккъахь хьулвелла жимма т1ехьуо вуьсуш т1ехьавоьдура со а. Х1умма а нахах къевле йина доцу 1умаран къамел-м берриге а урамехь хезаш дара. Цо-м хаъал дозалла деш кест-кестта шен коча сирла-сийна б1аьрг а та1абора улло схьаг1ертачу накъосте Майрбеке. Хьалххе барт бича санна, Майрбека а т1етадора 1умаран дешнаш:
Дера, Малижа, х1ара-м цхьа бож ю хьуна. 1уьргара лаьхьа а боккхурболуш ву. Х1окхуо бохург ахьа ца дахь елла д1аяллалца дохко яьлла лелар ю хьо!
Эшшай! Ахьа т1етадича-м ца теашара со, къежира Малижа.
Хьо теша-м ма теша, сан дош-м къонахчун дош ду хьуна, йо1! ша хастон ца дицдира Майрбекас.
1умаран ц1енна т1екхечира дешархойн тобанаш оцу юкъана. Амма 1умар шайн дика товш ц1ен кибарчигах динчу ц1ено аг1ора ког а ца баьккхира. Цхьа пайда ца оьцуш-м ца 1ийра иза шайн ц1енох а.
Хьажал, Малижа, и д1о сехьара йоккха ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх. Малхана аг1о, сирла аг1о ю-кх вайна дадас схьалура йолуш, лекха т1улгех бухбоьттинчу ц1енойх дозалла дира цо.
Уьш мелла а гена бевлича со а кхечира 1умар чохь 1ен ц1енна т1е. Тхайн миска бахам, сайн кегийра вежарий, т1ехь да воцуш, тхо когаирах1иттон г1ерташ къахьоьгуш йоллу тхайн миска нана дуьхьалтесира суна Со сецира т1аккха вухавирзира. Суна кхин ца хезира 1умаран ч1ег1ардиган къамел а, Малижин елалуш дека аз а. Генадовлуш хезира, амма сан кхин бала бацара оцу къамелаца. Делкъана т1ехбаьлла малх нийсса дуьхьала бирзина бара суна со ц1ехьавирзича. Цо со кхин ца хьожийтура стиглан басе: йоь1ан б1аьргашца и бос бустуш, оцу стиглахь йоь1ан сибат гуш. Малхо со ца кхетийча а, со-м х1инца суо а кхеттера стиглара лаьтта воьссина сайн вахан дезарх. Некъан 1индаг1 долчу йисттехула сихха ц1ехьа волавелира со. Х1инццалца ма хиллара мерза хаза хьожа етталора кемсийн хорханаш санна зазах дуьзинчу акказин охкаделлачу гаьннех. Сирень а даьржинера акказийца къовсаделча санна. Семаг1ан хеталора сайна гуонаха мел гушдерг а. Ч1ог1а беза болх бичасанна дег1 ч1ог1а к1адделла х1оьттинера.
Накъост, хьо стенга ваханера? Хьо лоьхуш охашимма шайолу ишкола ма теллина! чухахкавелира суна доттаг1 1арби, даима санна массо а дуьненна везавеш.
Хьо охьанехьа хахкавелла воьдуш гира шайна ма элира тхан йишас Розкас, т1етуьйхира Турпалханас а.
Оцу хенахь ишколачура шен накъосташца мехкаршца араяьлла схьайолаеллачу Розкас, шен хьаьвзина хаза ч1агаршхиллачу сирлачу месашна к1елд1ашкахула шен эсала сира ши б1аьрг белабеш тхан аг1ора хьажош кхин цкъа а т1етадира шен дешнаш:
Гира, гира Лаха аг1ора хьаьдда воьуш гира, цхьанна а ца хуург шена гучудалар тешалла дира догц1енчу тхан хеннара йолчу йо1а Розкас.
Ткъа сан ши накъост-м ц1а ца воьдуш со лоьхуш лелаш хиллера, ишколана гуонаш туьйсуш. Со цхьа хьекъалах тиллачух тарвеллера оцу шина. Хьанна хаьа, со-м хила а мегара мелла а хьекъалца эшна.
Дера ву со вайн накъост цхьана меъана т1аьхьахахкавелла вахана хилла моьттуш, къежаш шен дика цергаш уьйхьира тхол цхьа-ши шо жима велахь а, вундеркинд аьлла ц1е д1аяхана волчу ша маликана санна ц1ена юьхь-сибат долчу сан доттаг1чо Турпалхана а.
Хьуо лаха аг1ора воьдуш тхоьга а ца олуш х1унда вахна хьо? Вайн лакхахьарчаьрца дика боцуш ма бу уьш. Дера ву хьо цара «г1иба» валлалц йиттина «уппада» воккхур! т1етуьйхира, даима а т1емлочун дог-ойла йолуш волчу 1арбис.
Со-м вацара сайга дуьйцучух кхета дог-ойла йисина а. Со воьхнера. Цхьана дийнахь х1инцца кхиъна вог1учу жимчу стагана дукха хетар-кха шена т1ех1оьттинарг. Йоь1ан дагар хаар къовдор малик тарделлачу йо1ах догдалар мехкаршна т1аьхьауьдуш накъосташна гучувалар. Яккхиэнчу х1усамашкахь-м мелла а эвхьазуо хуьлу хир дара и саннарш, амма со вар-кха ч1ог1а иэхье, дукха къовлавелла. Шаболу нах-м цхьатерра хила йиш а ма яц, х1унда ву и стаг иштта, кхинарг вуьшта олийла а ма дац х1окху дуьненчохь.
Д1адовлийша, аша х1ун до следователш ЗНАТОКИ-ш а хилла! Со эцца туьканаш йолчу юккъе ваханера, к1елхьара валан г1оьртира со доттаг1ийн керара.
Жималла, жималла! Ма сиха карийра сан накъосташна дийцан къамелаш, бан бегаш. Ма даккхийчех ца хетара оцу хенахь зудберашка бен бегаш, церан хазаллех 1ехавалар. Тхоьгахь-м фотоаппарат ма яра. «Смена» олуш, оцу хенахь юкъаевлла 15 сом мах болуш яра уьш. Мел самукъадолура тхан вовшен хийцалуш дог1уш лаьтташехь суьрташ дохуш.
Тховса схьадохий вай суьрташ? хаьттира Турпалхана тхо д1асакъаьсташ. Церан ц1а ишколана уггаре а уллохь дара, тхайниш генахьуо.
Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, элира аса.
Кхинарг тоьуш юй?
Ю моьтту суна, жоп делира аса.
Х1ун мах бу цуьна? Аса суьйрана д1авог1уш яхьара ю, олуш шайн боккхачу некъана аг1онца болчу ураме д1авирзира Турпалхан.